ГАУ «Издательский дом»

БЕКСУЛТАНОВ Муса. Дийцарш


Оха Моряк олура цунах, иза цхьа сурт долуш санна хиэташ, цхьа доккха хаза, сирла сурт.
Моряк чIогIа товш кIант а вара, Iаьржачу хIорда тIехь кхо шо а даьккхина, хIетта цIа веана, массеран а бIаьрг тIехIуттуш, лекхачу дегIахь, кIайн юхь-кха а долуш, кIора санна Iаьржа, шуьйра ши мекх а, сийна боьлуш, ши бIаьрг а болуш, моггIара нийсачу цергийн кIайн шагарш а къиэгаш.
Тхан юьртара мел йолу йоI цуьнга яха хьаьгна а яра, тхоьга – берашка, – Моряке дIало, бохуш, кехат-цуьргаш дIа а идадойтуш.

Моряк юьртахь ца сецира – гIала балха охьавахара, сарахь – нана йолчу – буьйса яккха цIа а вогIуш.
Да цуьнан ван а вацара, цIа дахкале – Казахстанехь – шахти чохь веллера, тIе латта а хаьрцина.

Моряк оха – бераша – кулуба хьалхахь ларвора сарахь, иза балхара цIа вогIуш.
Кулуб юьрта юккъехь яра, селсовет а, туька а, ахтастанци а йолччохь.
Оха сарахь, ялх даьлча, гIалара йогIу ахтобус ларйора, бIаьрг биллина, шений-шений хьалха гаре са а туьйсуш.
Тхо дуьхьал охьахьовдура, ахтобус гучуйоллушехь, дап-далаппанцехь Морякана мара а детталуш.
Цо эппазаш лора тхуна, исс даьлча хуьлучу кино даха, кегийра ахча ца хилча, сом а луш – кинох эппаз бен ца доккхура цхьаьнгара.
Шен мукъачу деношкахь тхоьца буьрканах ловзура Моряк, юьрта йисттерчу бай тIехь.
Цо тхуна цигахь турник а йинера, доккха лекхачу бIоран диттах стомма муш а тесна, маймалш санна, тхо цу муьшах кхийза а луш, хехкадалийта, бинжолг а беш.

Юха, кхано – иссалгIачу а, итталгIачу а классе хьаладевлла, тхо даккхий хила доьлча, кхин бераш хуьлура цуьнца, хIетахь тхо санна, итт-шийтта шеран кегий бераш.
Со армера цIа веъча а, ша ма-варра вара Моряк, шовзткъа шаре хьалагIоьрташ, иштта вуткъа-лекха, хIетахь а зуда ялоза а волуш, Iаьржа месаш гиччошкара къежъяла а йолаелла.
Наха цхьацца хабарш а долийнера цунах: гIалахь метишка юй, тIехьийза йоI яла а елла, цуьнан чIир кхобуш вуй я кхиниг – кхунна хан а йиллина – кхечуьнга маре яхний я цхьамма-м ядийний, бохуш.
Моряк иштта – къамелаш хабаршка а дуьйлуш, – виц-вицлу-уш, нахана дIа вицвелира, тхуна а тIехь, моттэладита дIа а дижина.

Юха цхьана буса, бакъдерг, йоккха топ санна, иккхира, ерриг а юрт цец-акъ а йолуш: Моряк, нехан йоI а эцна, «тIап» а доцуш, вайнера, итт класс чекхъяккхарца ишколехь бинчу синкъерамера вуьрхIитта шо долу районан хьаькаман йоI йовш цуьнца.

IалагIож гIаьттира, бохург, дан а дацара, къаьхьа-де дара цаьршинна тIаьхьадаьлла орца – Iедал а, ца Iедал а, тайпа а, тукхум а гIоттуш.
ЙоьIан да больнице охьаваьхьнера, йоккхачех йоккха инфаркт а хилла, обширни олучех, цуьнан зуда ийгIина а йоьдуш, дас – йоI ярна – бехке а йина.
Морякан нана – боьрша стаг церан ван а вацара, – кхузткъе ворхI шо долу йоккха стаг, кIирнах сов чохь яллийра кIоштахь, хьайн кIант мичахь ву, схьадийца, бохуш.


Итт де я ши кIира даьлча, цу шиннан – Варин, Селимин – суьрташ туьйхира хьала, гIалахь а, кIоштахь а тоьхна ца Iаш, мацах цкъа, кир тоьхна, кIайн хиллачу тхан ахтастанцин пена тIе а цхьаьна: «Кхераме зуламхо Керимов Вара – кхиазхо Оздамирова Селима а эцна, ведда, хуучо, гинчо, хезначо хаам бе хIокху тилпоца!» – бухахь язйина лоьмар а йолуш.
Селимас дагарадуьйцуш хилла цуьнца дешна йолу йоI а лейира милцоша тхан селсовета чохь, Селимас шега мел дийцинарг, чехош, кхерамаш туьйсуш, елхош, цуьнга схьа а дуьйцуьйтуш: «Дуьне мел ду дадийта вайша, исс котам, цхьа боргIал а кхобуш, хьуна ловза кIайн Iахар а эцна, эрзах вайшинна жима цIа а дина, даллалц цхьаьна дехар ду вайшиъ», – олура шега бохура Селимас цу стага, – дуьйцуш.

ТIаккха иза хиъча, Варас Селиме дийцина, боху, и кура захало шайна хезча, йоьIан гергарчу наха ца толлуш юрт а, лам а, Iин а я хьех а ца йитира, аьрцанашка хьала, лаьмнашка а кхочуш.
ЙоI кара ца йира я яхана-яьлла меттиг а.

Нийсса бутт байча – кIант-йоI дедда бутт баьлча, – цхьана оршот дийнан делкъа хенахь, хьалха йогIуш милицин машен а йолуш, тIаьхьахIоьттинчу такси чуьра, шен кевна хьалххахь, охьавоьссинера Вара, цунна тIаьххье Селима а юссуш.

Вара тIаьхьуо – цо ша дийцарехь – Пятигорскехь хилла хиллера шен нускалца, шеца морфлотехь хиллачу накъосташкахула шайн хилла контр-адмирал – Ковальчук Сергей Иванович схьа а лехна (пенсехь а волуш, Пятигорскехь Iаш волу), цуьнан гIоьнца загс а йина, юха цо Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министре кхуьнан гIуллакхна тилпо а тухуш.

6 442 комментария