ГАУ «Издательский дом»

БЕКСУЛТАНОВ Муса. Дийцарш


Суна цкъа а – хьалха ара а ваьлла – дIаваха ца лаьара, хIинца тхойша мелла а вовшашка дистхуьлуш а хилча, хIетте а.
Цуьнца зудабераш хуьлура гуттар а, Сарха наггахь бен ша а ца нислуш. Цул сов, сох йийлина йоI а яра цаьрца.
Уьш цкъа хьалха арахь совцура, дIасакъастале, цхьацца шайн-шайн хIуманаш а дуьйцуш, юха вовшийн мар-марабетталора, шишша-кхоккха цхьана дIа а йоьдуш. Сархица гуттар а цхьа йоI хуьлура, вуьйш ца хилча а, дегIана екъа, ши метр аьлла лекха а йолуш, даим нислуш ма-хиллара, хазачунна уллехь ирчаниг, Сархина бIаьрг ца хилийта кхоьллича санна.

Со библиотеке лела, пхи бутт дIа а баьлла, ялхалгIа, чиллан бутт болабеллера, ас хIинций-хIинций бохуш, мел чIогIа кханенаш яхкарх, соьга цуьнга – Сархига – цхьа дош а ца алалуш.
Сайл иза мелла а йоккха юйла-м хаьара суна, мел йоккха ю а ца хууш, дикка хилча, ши шо я кхо шо хила там бу-кх, хетара суна, тхайн кIотарахь шайл баккхий зударий кхийлина нах багар а беш.

Оршот сарахь дара иза, со киншка дIаяла шена тIе веача:
– Джабраил… сан лулахо яц тахана, соьца хуьлуш ерг… и цхьа … цхьа ши стаг ву цу арахь суна бохам бан гIерташ… машенахь ву и шиъ, цIечу машенахь… суна улле… накъост… подъезде кхаччалц дIакхетаехьа со… соьца хилахь… суна уллехь, –элира цо.
Со стиглахь вара, лаьтахь а воцуш.
Латта дан а дацара сан когашна бухахь.
Тхойша араделира хьалхий, тIаьхьий, хьалха со а волуш, тIаьхьахIоьттина Сарха а, соьгара киншка шен кара а эцна.
Сан жигулих бIаьрг кхийтира, хила бакъо йоцчу меттехь, бибилиотекина хьалхахь, фонтана юххехь лаьтташ, чохь Iаш ши стаг а волуш.


Жигули летта яра, биргIанах дIаоьху кIайн к1ур а гуш.
Тхойша дикка генадаьлча, жигули тIаьхьайолаелира, улле кхача а ца гIерташ я тIаьхьа а ца соцуш.
Тхойша Ленинан хIоллам болчухула аэрокассаш а хадийна, Роза Люксембурган урам тIе делира, юха а геннахь сецна лаьттачу цIечу жигулех сан бIаьрг а кхеташ.
ТIаккха аьрру агIор дирзира тхойша, Сархас цигахьа пIелг а хьажийна. «Теремок» цIе йолчу туьканна юххе тхойша дIакхочуш – пхи гIат йолуш цIа дара иза, – Сархас подъезд гайтира суна, хьалха санна, куьг а оьхьна.
Машен тIекхаьчна йогIура. Тхойша цхьаьний чоьхьаделира, ас Сарха хьалха а йолуьйтуш.
Ламеш тIехула хьаладоладелла тхойша кхоалгIачу гIат тIе кхочуш Сарха сецира, доккха са а доккхуш.


Со цунна цхьа киртиг лахахь лами тIехь лаьттара.
– Джабраил, сан спаситель ву-кх хьо… хIара киншка хьайна йита… ас хьуна совгIатна… сан ваша ма ву хьо хIинца, сан жимахволу ваша, – элира цо, лахарчу киртиг тIехь лаьттачу суна, охьатаьIаш коьрта тIе оба а аьлла.
Со ведира, бIаьрса а дайна, сийначу цIарах дегI а, дуьне а догуш… суна хиира, дIадаьллийла, чекхдаьллийла дерриг а… со жима вара, жима хиллера, иза еззал жима а воцуш, цунна веззал дукха жима… сан бIаьсте тIаьхьа еанера, тIаьхьа винера нанас а со… заза гурахь ца лестира, ца дуьйжира бIаьста гIа, бераллера беха некъ ас сайн даг чуьра неIаре хьош, подъездан неIаре.

Машен яра, цIен машен кIур а туьйсуш, летта лаьтташ…
Со машенна тIе хьаьдира, мохь а хьоькхуш, велха а воьлхуш, сайн карара киншка цу машенна тIе а тухуш:
– Да хьакхийца, шун да… сох цуьнан ваша винчу… шун ворхIе а да хьакхийца…
ЦIен машен дIаиккхира, дIаяхара, дIаяйра…
… ГIала а яра, еса гIала… дуьненчохь цхьа а адам а суна орцах, орцахдан…

Ков тIе ма къовлахь…

Иза ша цхьаъ Iара, гуттар а санна, генна сарахь, чубузучу малхана дуьхьал а хиъна, когаш доцчу тишачу гIантахь, кертах дIа букъ а тоьхна, муштукх чу папирос юьллуш, цхьанаметта хьажар а доьгIна, гIийла-гIайгIанечу ойланашка вахана, юкъ-кара, кIайн дохк санна, цигаьрканах кIайн кIур а гIуьттуш.
Арахь гуьйре а яра, эсаран беттан мокха гуьйре.

Со улле охьахиира, цунна уллерчу гуьйриг тIе, иза меттах ца ваккха санна, цуьнан хьажарца хьажар а дугIуш, суьйре дикаяран метта, лохха корта а таIийна цуьнга.
Ца йожийта гIортораш гIортийначу серийн кертан яххашца куьйгаш Iуьттуш йоккха стаг а йоллура, – Варин нана, – гом санна, жима, берал хиэташ, букар а яхана.
Котамаш а яра цунна тIаьхьа уьдуш, хIинцца шайна хьаьжкIаш тесначу йоккхачу стагна тIаьхьара а ца йовлуш.
Йоккха стаг лер доцуш а яра, дуьхьал а кхетта, де дика дича, гIийлла корта таIор бен, кийрара кхин аз а ца долуш.
Цхьаццамма иза мотт ца луьйш ю а, олура, кхечара къора ю а, олуш.
Мотт ца луьйш-м яцара иза я, аьттехьа, къора а, къона къанлуш, хьаста беран бер ца дуьсуш я вистхуьлуш кIант а воцуш, кIорни доцу къуьрдиг санна, ша-шега луьйш, йисинера-кх: «Баба яла церан, церан яла шайн баба», – бохуш, шиэлахь цхьацца цIераш а йохуш.

Варас дош а ца элира, со улле охьахиъча шена я меттах а ца хьайра. Ша ма-Iарра, Iаш вара, ахтIедаьхкинчу бIаьранегIаршца, хьажар анайисте а доьгIна, туьнкалган бертигах санна, багара кIайн кIур а сийсош.

Суна кхин сурт дагаоьхура я кхин шераш, суо бер хилла генара зама, тхан Моряк а, ленташ долчу хуряшкица, шуьйра ког болу Iаьржа хеча а, якорь йолу доьхка а цуьнан, кIажа лекха ши ботенк а, цуьнан куьг лаца рагI къуьйсуш, тIаьхьаидда тхо – бераш а.
Суна хIетахь дуьйна – суо бер долуш дуьйна схьа – вевзара иза я гора-кх, вевза аьлча а. ЦIе Вара яра цуьнан, генарчу Казахстанехь, дас, цхьана бекхаме сатуьйсуш, цкъа мацах хиллачу обарган цIарах шен кIантана тиллина цIе.

6 442 комментария