ГАУ «Издательский дом»

БЕКСУЛТАНОВ Муса. Дийцарш


Ерриш а цхьа садууш хуьлура Ремаркан романаш, турпалхошна тIе халонаш а Iитталуш – цуьнан «Три товарища» ешнера ас, педучилищехь, тхан групперчу цхьана йоIехь ган а гина… со Сархига кехат яздан Iама гIерташ вара, вуьшта сайга дийцалург а ца хилла.
Сархигара еша киншка схьаоьцуш а цIийлора со, ерриг юьхь ягарца, баркалла а ца алалуш я кеста метта а ца вогIура, зала чу охьахиъна, дикка ханъяллалц.
Сарха цхьайтталгIачу дийнахь еара балха.
Юьхь чIогIа кIайн гира суна, цIоьлла мелла а лахделла, вуьшта-м ша хилларг яра, шен Iаьржачу кучахь.
Суна и коч хазахетара, Iаьржа месаш а, хьаьъна сийна, боккха сийна ши бIаьрг а цуьнан.
Со цу дийнахь дуьххьара бIаьра хьаьжира цунна…


Хиллера-кх хьаьжна, цо:
– Хьуна хIун оьшура, хIун книшка? – соьга хоттуш.
Со вист а ца хилавелира. Иза сецира, схьа а хьаьжна.
– Хьо цомгаш яра? – сайн аз хезира суна.
– ХIа-а, хьо вара иза со хаьттинарг! Яра, жимма могуш йоцуш… Хьуна хIун… Муьлха…
– Айтматовн «Прощай, Гульсары», – элира ас.
Чингиз ас мосуьйттазза а вешнера, цуьнан «Джамиля» юх-юха а йоьшуш.
Хьаьтта ялта эцна, дIа а дахана, Джамиляй, Данияр шайн-шайн ворданашкахь юхадогIуш, Данияра бечу мукъамна сан са тIекIелдуьйлура. Со хийлазза вилхинера Чингизан повесташна тIехь, иссалгIачу классехь волуш.


Суна чIогIа дукхабезара Чингизан турпалхой, со а царах цхьаъ волуш санна хеташ, бен а вацара, муьлхха а, Едигей а, Тананбай а, кхиберш а.
Сархас суна киншка еара, кIайн йоккха киншка, тIехь масийтта Айтматовн повесть а йолуш.
Со дIа а вахана, стоьла хьалхахь охьахиира, сайх цец а вуьйлуш, со тахана дуьххьара сайн дагарахоуьйтуш, Сархига вистхиллера: «Хьо цомгаш яра?» – хоттуш.
Ас дешнаш лоьхура, цуьнга еза ала, дешнаш я кехатца сайн дагахь мел дерг дийца. Сан кехаташ ца нислора, ши-кхо дош яздича массо а дош довра сан, кхин дIа хIун ала деза а ца хууш.
Ас эзар кехат яздира цуьнга, ши эзар этIа а деш.
Со къайллаха, сахьташкахь хьоьжура Сархига, цу зала чу стаг мосазза волу, боккхачех боккха кхаъ а хуьлуш – Сархин тIаккха гIатта дезара, тIевеанчунна киншка лаха.
Ас иза киншка ян дIайоьдуш а тергалйора, юхайогIуш а.


Суна цуьнан массо а хIума хазахетара, цо байн ловзу ког а, букътIехьара, етталуш, меттаххьов Iаьржа мас а, цо нийса латто букъ а, тата доцу дайн болар а цуьнан, юха… юха иза схьайирзича, цуьнан даккхийчу, сийначу – цхьа бухара, чуьра къиэгачу – бIаьргийн, тап-аьлла, тийна хьажар а, стогарийн серлонехь варкъаца лиэпа Iаьржа ц1оцкъамаш а, и дуткъа, горга, кIайн деха лаг а…
Со сахьташкахь хьоьжура цуьнга, йилбазан бIаьра вахча санна, цунна тIера бIаьрг а ца баккхалуш, хьоьжжучохь иштта виц а лой, тхойшиннах ойланаш а еш, тхойша цхьаьна Iаш долуш санна, тхан кIотарахь, сан нанас Сархига:
– СадаIа, йоI, охьахаа жимма… цхьана дийнахь дан ма гIерта массо а хIума, вайн кхин баккхийра бахамаш а бац, хьо иштта садаьхьна хьийза, – олуш.


Со генна дIавоьдура сайн ойланашца, Сархига хьоьжжучохь, дерриг хIума диц а луш.
Со юха а ца верзалора. Юхавирзича, хала хуьлура, и нехан йоI нехан юй а хууш, иза юха цкъа а сайн хир йоций а, ойланашца бен я дагахь.
Цхьана дийнахь – сарахьуо дара, ворхI доллуш – цхьаъ-м йоьлуш санна хетта, йилбизан бIаьрара волуш, дIахьаьжначу суна, Саьрхина со гайта, суна тIе пIелг а хьежош, цуьнца йолу белхало сайх йоьлуш гира суна, Сархас иза сацор а юха, кучан пхьош охьа а озош.
Тхойшиннан хьажар вовшахкхийтира, Сарха цIарула цIий а луш.
Важа йоI шек а яцара. Со меллаша тIе а вахана, киншка дIа а елла, Iодика а еш, дIавахара, кIирнах кхин гуча а ца волуш.


И кIира ас хала а даьккхира чIог1а, аьлча а, дерриг кIира гIали юккъехь даьккхира-кх, занятешкара уьдуш, минотана а синтем а боцуш.
Со дийнахь цхьана кинога массо а сеансехь хьожура. «Фан-фан тюльпан» цIе йолчуьнга ворхIазза хьаьжира со.
Суна Сарха Роза Люксенбурган урамехь Iаш юйла а хаьара, цIийнан лоьмар а ца евзаш.
Цхьана а дийнахь Сархьа ган ца гIоьртира со, тIайл дехьа а-м ца велира, «Кавказ» ресторанан уллехь долчу тIайл дехьа, цу агIор йолу гIала сайна ехка а йихкина, я Сарха, я и сайх йийлина йоI дуьхьалкхетарна кхоьруш: ас чIогIа дегабаам бинера Сархина, сох и йоI елийтарна.
Нисса кIира даьлча – кIира а нисдина – библиотеке вахара со. «Чеховке».


Сарха яра ша Iаш.
Иза юьйхира, ас шен суьйре дика йича, дуьхьал цхьа «бур-бур» а деш.
– БархIалгIа том, Бальзакан, – элира ас, сайн юьхь тIехь цхьа а хийцам а ца гойтуш, иза ала гIертачух суо кхиа а ца кхуьуш санна.
Сарха цкъа сацаелира, юха дIаса а хьаьжна, цхьанхьара схьа а эцна, тIе куьг а хьаькхна, киншка схьакховдийра:
– ХIара библиотекин яц… сан ю, – олуш.
– Баркалла, – элира ас, – йойур яц!
– Аса-м иштта дIа…, – иза сецира, соьга схьа а хьаьжна.
Тхойшиннан хьажар вовшахкхийтира.


Суна эзар шо дели моьттара цу юкъана, бIе эзар шераш, оцу цхьана мIаьргуона.
Иза хьалхох меттаеара, шена охьа тIе а хьожуш. Со стоьла тIе дIавахара, Бальзакан «Лилия долины» романан хьалхара могIа беша а волалуш: «Натали, женщина, которую мы любим больше, чем она любит нас, обладает огромным преимуществом, ибо…»
Цул тIаьхьа дуьйна, ас шен суьйре дика йича:
– Баркалла, хьан а йойла суьйре дика! – олура соьга Сархас.
Цхьана сарахь соьца къамеле а елира иза, доьшуш мичахь ву хьо, аьлла, хатта а хоттуш. Ас университет элира, педучилище ала эхь а хетта.
– Сан шича ю цигахь кафедран заведующи. Хьайна экзаменашкахь хало хуьлуш хилахь, хаийта, ас цуьнга эр ду хьуна, – хьаьжира иза. Соьга дош а ца аладелира, айса боьттинчу пуьташна, цIий а велла.


Соьга Бальзак веша ца лора, айса аьлла и университет дагара дIа ца йолуш.
Со жимма Iан а Iийна, дIавахара, киншка дIа а елла. Кхаа дийнахь «Чеховке» ца веара со, айса хIун дан деза ца хууш я хIун дича бакъахь ду.
ДоьалгIачу дийнахь, Сархин де дика дина валарцанна:
– Со университетехь вац доьшуш, – элира ас, – педучилищехь ву со… ас хьуна харцдерг дийцинера, – аьлла.


Сарха елаелира:
– Дика кIант ву-кх хьо… бен а ма яц училище а, университет а… цигахь а, цигахь а хьехархой кечбо-кх, кхин хIумма а… цIе муха яра хьан?
– Джабраил, – элира ас.
– ХIа-а, хIаъ… карточки тIехь… со йицъеллера… хаза цIе ю хьан-м, Джабраил…
Цхьа ши йоI еара тIе, киншкаш эца.
Со, дIа а вахана, охьахиира, Бальзакан том схьа а йоьллуш.
Цул суна хазахеташ роман а ца ешнера ас, цу денналц, цу тIехь санна хаза безам буьйцуш. ХIуъа дина а, и киншка Сархигара сайна еха чIагIо йира ас, киншка дIа а елла, суо библиотеки чуьра араволуш.

6 442 комментария