ГАУ «Издательский дом»

ХАЛИКОВА Асет. Со-м йеха, лаьтта тIехь гуьйренаш йохуш, дIайеха, дикане даим догдохуш…

    ***

ХIокху гIалин дега йуккъехь
ГIайгIа-бала боцчуха,
Кхокхашна сайн керайуккъехь
ХIуш дIакховдийна, со Iа.

БIаьра хьаьжна тамашийна,
Адамал а лерина,
Сан дог оьцуш санна, Iийна,
Хьажарца дог дерина…

ХIаваъ тахкош, тIомадевли,
Сатийсам шайх битина.
Стигал цара маракъевли,
ТIемаш шуьйра даржийна.

Ткъа сан бIаьра хьаьжна кхокха,
Девзинарг сан цхьалха са,
Гуо баьккхи цо стиглахь боккха,
Лехьош санна синтем сан.

Стиглахь, лаьттахь бехаш боцу,
Гуттаренна хIаваэхь,
Къахеташ соь хьаьжна болу
ХIокху гIалин луьсталлехь.

Дити суна цо цхьа хьекъал,
Деган кIорге хьайина –
Къинхетамца хуьлу декъал,
Дахар а цо хаздина…

    ***

Сан Даймохк,
Сан даг чохь техкачу
синтеман хIурда тIехь,
Малхо нур къагийча, хIаваэхь ловзуш,
ЦIен-можа бос хуьйцуш,
хелхарехь хьовзуш,
Йуха цу хIурдах дIаийначу
тулгIенех терра,
Хьоь болу безам сан даг тIехь
ловзуш бу денна…

    *** 

Лол бина, баргалш а гулйина,
Шад бина, сайн дог схьагулдина,
ДIайаха кийчча со йехаш йу,
Гонаха – сан дахар Iеха бу…

Мохь тоьхна, адам ца догIуш чу,
Дог а ду-кх неI цIийзаш лаьтташ,
Шех даьлча мегар а йоцучу
ГIайгIанан бIаьргаш чохь техкаш…

ЦIий санна, детта ду некъаш,
БIаьрга тIехь хаалуш марха,
Сох хьерча сан дахар – пекъар,
Ца йуьтуш парггIат дIакхалха.

Дуьне, хьох лен-м ца йоллу со,
Хьоь ала цхьа-ши дош-м ду сан –
Хьуо хьайха диссал бен доцу хьо,
Мацца а хила ирс ду хьан…

    *** 

Суна йиъ баьццаралла дукхайеза:
Iа дIадаьлча, Iаламан денйаларан
баьццаралла а;
ДогIанал тIаьхьа цIинделлачу
Iаламан баьццаралла а;
Къиноша гIелдина са Деле хьастаделча,
цуьнан къинойх цIандаларан
синан баьццаралла а;
Даг чуьра гIайгIа-бала дIабаьлча,
дог хьаьаш, даго заза хоьцуш,
цу чу соьналла тухуш йолучу деган
бIаьстенан баьццаралла а…

    *** 

Йуха а сан даго шийла мохь эли,
Йуха а сан дагах хьо ийна йели,
ГIаргIулийн мохк санна, гуттар а йоцу,
ДогIанехь синтемал башха кхин йоцу.

Маршалла ца хоттуш соьга, хьо кхечи,
Мажйелла аренаш ахь куьйга йечи.
Нийсонах хьаьгна верг ца хилча санна,
Дуьне а, къарзделла, кечдели цхьанна…

Суна-м кхин бен а дац хьан стигал къовкъарх,
Даг чуьра шело йу-кх гуттар йерг новкъа…
Хьоьха дIалачкъа сан хIусам-цIа ду-кха,
Ткъа сайха дIалачкъар сатийсам бу-кха…

Хазаллах цахьеггал сица эхь кхиъна,
Йа цуьнца йолчул сов цунах ца кхиъна…
Со-м йеха, лаьтта тIехь гуьйренаш йохуш,
ДIайеха, дикане даим догдохуш…

Гуьйре

Йуха а кхечи хьо, сан дагна тIаьхьара йелха,
Йуха а кхечи хьо, хьайн хенал хьалха а лелхаш,
БIарзбелла дин санна, сингаттам сан уьйтIа балош,
Сан даьгна тIемаш а йуха а сан синна далош.

Хьо марша йогIийла! Дукха ду сан хьоьга дийца,
Сайн тIома куралла, хIоз хилла, сайн кочахь йисарх…
Со кхетта: дуьненан кхин басарш, кхин маьIна хилла,
Адамийн дагахь а, багахь а дукхах ду хIилла.

Со гечдан Iемина – со царах шек а ца йолу,
Со теша Iемина – со царах хера ца йолу.
Хьо цхьаъ йу-кх эвххьаза ас дог дIадиллинарг,
Хьо цхьаъ йу-кх дуьнен чохь сох кхеташ йисинарг.

Хьан йистцахилар а – сан дагца къамеле йалар,
Хьан хIора шабар а – сан деган гIайгIане далар,
Хьуна чохь карайо суна суо цкъа мацах хилларг –
Дашочу гIенашлахь сайн ирсах Iаба цакхиънарг.

Хьо йуха дIагIур йу аренца, гIаш хилла, йаьгна,
Хьо йуха дIагIур йу, декъалван цхьаъ хьайха хьаьгнарг…
Йерзинчу аренгахь сайн дагалецамаш хьоьстуш,
Йуха а йуьсур йу сайн деган тийналлехь кхерста.

Эзарза хьан йалар ган доьгIна хилахь а, гуьйре,
Хьо лаьттахь сол дукха йехар йу, хилла сел нуьре.
Гуьйре…

5 059 комментариев