ГАУ «Издательский дом»

ЗакригІеран Іабдул-ВахІид. Даймахках дош. Ага…

ЗакригIеран Iабдул-ВахIид вина 1964-чу шеран 13-чу июнехь Итумкхел районерчу Хьачара юьртахь (Ведучи). I982-чу шарахь чекхъяьккхина цу юьртара юкъара ишкол. ЦIеххьана лергашна къарвалар бахьана долуш, кхин дIа деша аьтто ца хилла. Байташ язъян волавелла бархIалгIачу классехь волуш. Карарчу хенахь Олхазар-кIотарахь вехаш ву.

Даймахках дош

Цхьа башха дош ала сан лаам гІаьттина,
Яханчу заманна чІагІонна лерина.
И илли ала ас Нохчийчоь хаьржина –
Цул чІогІа чІагІо кхин суна-м ца карийна!

Дагна мохь лаьцначо ден даьсса дозалла,
Яйначу тІаьхьено дайн хьуьнарш дийцар а,
Басаршца куц доккхуш, бакъдоцург дийцар а
Ца дезна сан дагна хьох илли олучохь.

Къилбехьа вайна гун бохь лекха ламанаш
Геннарчу хьан ден дайн дахаран гІирс хилла,
Беркате ниІматах юьзна хьан аренаш
Махкана, халкъана рицкъа луш лаьттина.

Лаьмнашкахь вайна гун бохь боцу хьан бІаьвнаш,
ЧІагІонан теш хилла, тІаьхьенна йисина.
Мокхазах йоьттина вайн мехкан чІагІонаш
Арарчу мостагІчух мохк ларбеш лаьттина.

Кху нохчийн лаьмнашка машарца веанарг
Оьздачу хьан дайша комаьрша лелийна.
«БІов!» бохуш, тІом хьебеш, тур доккхуш, веанарг
Даьккхинчу шен туьро шен коьртах ваьккхина.

АстагІчу Тимаркъан и Іаьржа ардангаш
Кху нохчийн лаьмнашна шаьш горахІиттина.
Толлачех шаьш тоьлла дуьненан паччахьаш
Хьан бІаьвнех хьаьггинчохь кайоьхна бисина.

«Къонах» цІе, мехкан сий лийринчу хьан ломахь,
Мокхазах суй санна, къонахий бийлина,
Хьаша-да кхачале, бухахь шун латтийна,
Кхерчан цІе ларйинчу ненан сий лийрина.

Шен турпал хьуьнаршца, бусалба амалца
Дуьненна вевзина вайн мехкан турпал-кІант,
Шех ала дитина дош меттахь шен хилла,
Сий долу Шайх-Мансур хьан кхерчан воІ хилла.

Вер а вац дийцина хьан лаьмнийн бІаьвнех а,
Хьан хазчу мехкарех, яхь йолчу кІентех а,
К1айн дуьне мел лаьтта, маршонан гІап хилла,
Хьо маьрша лаьттийла, тхан хьоме Нохчийчоь!
ХІара дуьне мел дозу, масал хьайх хилла,
Хьо гІоза ехийла, сий долу Нохчийчоь!

    Ага

Вай динчу наноша, набарна ва дийшош,
Техкийна дац ага, борз йогІу, ва бохуш,
Цу берзан къиэгачу бІаьргашка ва хьоьжуш,
Техкийна дай иза-м, «Борз ю-кха хьо» бохуш.

Мехкан сий, халкъан ирс лардечу цу дийнахь
Йолийла, сан кІант, хьан берзан ка, ва бохуш,
Нагахь хьо накъостийн букъ тІехьа ва лечкъахь,
Хьарам бо хьоь эхьна накха ша, ва бохуш.

2 комментария

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.