ГАУ «Издательский дом»

ХАЛИКОВА Асет. Дог – буйнахь, дегI – сица бертахь…

    ***

Тешамца цхьаьна и
кхоьллина хир ду-кх цатешар –
Хьалхарчо дIадийнарг
шолгIачо кхоамза хьеша…

ТIам бойна аьрзу цу
стиглане хьоьжуш,
И дагалецамийн заьIарша лоцу.
Хьо вохка вигинчу доттагIчо хьоьшу
Синмайда эшамийн мехаша оту…

Адаман доьзалх цхьаъ хьуо вуй а хууш,
Ахь тешнабехкана дог дитарх гечдан,
Синшовда мийлийнчо
хьан тешам бууш,
Ахь къилба леринарг дахаро лачдо.

Хьуо дукхавезначийн аматаш къестош,
Дарбане Iеханах хьан ойла яьржа –
Ахь дагца кхаьбначо
хьо воххалц хестош,
Абаде дIаидда дуьне ду-кха лаьтташ!

Хьо тIаккха хьожур ву аьрзонах гIатта,
ТIемаш тIехь хьайн
дагалецамаш кхозуш,
Жоп хууш доллушехь, делча ахь хаттар,
И бакъдерг несалахь
карош, хьайх дозуш.

ХIар дуьне ма атта хетар ду-кх, атта…
Кхардамо лазийна шен юьхь а йогуш,
ДоттагIа хIуттур ву бIаьргашца деха,
Цу доттагIаллица хьан тешам богуш.

Эшам бен, толар дац
дуьнен чохь цхьа а,
Эшний бен, кхетар вац
хьо цунах цкъа а…

Оставить комментарий

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.