ГАУ «Издательский дом»

ДАКАЕВ СаьӀидбек. Стихаш

КУЙНО ХОТТУ…

Нохчийн куйно
ТӀетиллале хьалха хотту:
«IIIен бозалла
Лалур дуй-те хьоьга, хIай?
Ма моьттийла
Хьуна, хир бу лело атта,
К1еда хиларх,
Хиларх, пиллиг санна, байн.
Куй тӀетуьллу
Корта лаца, ворта яцахь,
Хаьий хьуна,
Хийла да хьох кхаьрдар вуй?
Нагахь куйнан
Доладан хьо къонах вацахь,
Куьг ца Iуттуш,
Биталахь ша болччохь куй…»

***

Сан xlopa гӀулч йустуш лелла,
Кхоллам, ладогӀахьа цкъа,
Тешамна дуй йукъабиллий,
Дехарна жоп лохьа сан.

Дахаран кхехкачу пхьалгӀахь
Векъалуш хиларх ши ах,
Сан хъашташ хӀиттадеш хьалха,
Юьстах ма тетталахь нах.

Долчунна бӀаьрмециг ваккхий,
Сан куьйгах ма белахь буй.
ТӀекховдий, коьртара баккхий,
Лаьтта ма кхоссалахь куй,

Бер дац со, куьг хьоькхуш хьеста
Ӏемина хьан мукъам лан.
Вазвина, уьйрех ца къестош,
Виталахь йаккха сайн хан.

Марзонаш йуьстах ца хьоькхуш,
Синтокхехь латтаве со.
Адамийн вон-дика доькъуш,
Велаве, велхаве со.

ТӀедоьжча, лан хьуьнар доцчу
Диканан да ма ве сох,
Марзонах богу кхерч боцчу
ДӀакхойкхуш, ма бетта мохь.

Даймехкан лаьттан чкъор доцчу
Лахьти чу ма тарве со,
Орамо га тесна доцчохь
ГӀайгӀано са къийзадо…

НОХЧИЙН ЛАЬТТА ТIЕХЬ…

Ойланаш гӀиттайеш эшарехь,
Ӏаламан хелхаршца говза
Кху нохчийн ирсечу лаьтта тӀехь
Ӏуьйренаш малхаца ловзу.

Мокхазан чӀагӀонца туьйсина
Кхехкачу дахаран хьаьттахь,
Даймехкан маршонна къийсина
Доьналла, денделла, лаьтта.

Къийлина, садеттар кхачалой,
Безаман лууре долий,
Мехкарийн хазаллех лацалой,
Кийрара дог ловзадолу.

Йарташкахь х1усамаш йаьржина,
Хьешана диллина кевнаш.
Ламанийн агӀонех тийжина,
Ийало стогаллин бӀаьвнаш.

Буьйсанан тийналла хьаьстина,
Мерза го набаран гӀенаш.
Ойлано, тӀемаш тӀехь кхерстина,
ЦӀа кхача сатуьйсу гӀенахь.

IEXАЛОЙ, MA КХОВДА

Ӏехалой, ма кховда
Ламанан бохь лаца тIe, –
Са-айпе доьналла
Лаьмнаша тӀелоцуш дац.
Шен хьуьнар цадевзарг,
Маьттаза мохь Ӏадабеш,
Ког шерший, чутилар
Лаьмнашна дезалуш дац.

Шайн накхойх дуьйлучу
Шовданийн хиш мийладеш,
Мокхазан амалех
Бахчийна цара вайн дай.
И лаьмнаш-м, халонийн
Пусаран йуьхьиг ца йеш,
Ца керча гӀиттина
Доьналлин чӀагӀонаш йай…

АС ЦА БОХУ

Ас ца боху,
Ирс сох къехкаш лелла,
Хьадарх-вадарх
Ца кхачалуш т1е.
Сан кхолламо,
Мерза хеташ, мелла
Б1аьргаш боьллу
XIopa керла де.

Сан йуьхьдуьхьал
Маьлхан куьзга хьежна,
Шен некхера
Йуьйлу йовхо луш.
Ойланашкахь
Кхолладелла дешнаш,
Делан Ӏалам
Деладелла гуш.

Араваьлла,
Некъаш идарх гена,
Ца карийна
Сайнчул хаза мохк.
Даладалар хилла
Самах, гӀенах
Даго хьегна
Цуьнан мерза зовкх.

Хазахетарш,
Халахетарш – дагах
Хьекхаделларш –
Сан ирсана ду.
Церан амалш
Ца лайелча, стага
Ирсах дезар
Муха оьцур ду?..

Патар даьттӀа,
Дахар доладаьлла,
Кху дуьненахь
Хан йаьккхинарг вац.
Кху дуьненах
Наггахь цатам баьлча,
«Ирсах хаьдда…»,
Ала мегар дац.

ГIАЛГIАЙН КЪОМЕ

Хедар йоцу уьйраш йозаелла,
Шу-м йижарий, сан вежарий дай, –
Марзонашца вовшех тийсаелла,
Цхьана дегӀан меженаш ю вай.

ГӀалгӀайн къоме,
хӀокху гӀалгӀайн лаьтте
Кхоллабелла безам сацалац.
Хьаам боцуш, хийла деган готтехь
Шун уьйрашка сатийсина ас.

Ираллица ирсан генаш цоьстуш,
Вайга кхийдош лелла хийла харц.
Эзар шерийн йеха зама йустуш,
Вайн доьналла дохаделла дац.

ПаргӀатволу, сайн хӀусамехь санна,
ХӀокху гӀалгӀайн
махка кхаьчча со.
Деган марзо алсамйуьйлуш денна,
Шалхо йоцу ойла хьаало.

Дуьне дохарх,
къаста таро йоцу
Цхьана дегӀан меженаш ю вай.
Везчу Дала латтадойла доца
Вайна юккъехь
хоттаделла тӀай!

ХЬОВСИЙША!

Хьовсийша! Малх санна,
Йуьхь тӀера ши бесни йогуш,
БӀаьстенан зезагал
Хазйелла, нохчийн йоӀ йогӀу.
Гуо бина цунна тӀекхаьчна,
Сатесна, хьаьстина,
Дистхуьлуш тIе-каре дала,
Кхевдина дуьненан Ӏалам.

Муьлхачу бешара карийна,
Муьлха стом биъна,
Хьовсийша, и мичахь,
Муьлхачу хӀусамехь кхиъна,
Хьекъалан, гӀиллакхийн
Бух боцчу Iилманан маттахь
ХӀун жайнийн агӀонаш
Ӏамийна, и муха кхетта.

Кхолламан лаамо
Кхоамца куьг хьаькхна говза,
Кечйина-техьа и
Малхаца хазалла къовса.
Хьовсийша! БӀаьргаш чохь
Нур кхуьйсу ши седа богуш,
Хийла дог хьагийна,
Нохчийн йоI
гой шуна йогӀуш!

1 comment

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.