Хьуна ма-ггу даций хIара,
тховса дуьхьалдаьлларг,
Дуьне ма-дду йорт вай еттарх,
Хьенан хIун галдаьлла?
ЕакIов чохь къовларш тоьхна,
ас мел кхаьбна ойла,
Деган ков ас царна доьллу,
Ва шу маьрша гIойла!
Кху сан некъан юьхь я чаккхе –
Шена луъург хуьлда…
Хьан когашка юьллу аса
хIара деган цуьрг сайн.
Цкъа бен дарий хIара дуьне
Вайна даа делла,
Хьо бен варий кераюккъехь
Суна гуьйре елларг.
ГаланчIожан Iоман басахь
И хьан бIаьргийн алу –
ХIинца-м цунах хилахьара
Кху сан ирсан талу.
Дайна де а, аьлла дош а
Юхадоьрзур доций
Хиъна даьлча, ас ца яьлла,
Некъ сайн юьхьарлоцу.
Оставить комментарий