ГАУ «Издательский дом»

ГАЗИЕВА Аза. Хамидов Iабдул-Хьамидан 100 шо ШЕН ЗАМАНАН ТУРПАЛХО


Гена лаьмнел дехьа
Сайн нана йитина,
МостагIчун букъ тIехьа
Со тIаме хIоьттина.
Со вина, сан нана,
КIант осала карийна,
ЮьхьIаьржахIоттарна
Кхера ма кхералахь.
Мангало буц санна,
МостагIий эгийна,
СадаIа со хиъча,
Сагатло сайн нанна.
РегIахь малх хьулбелла,
Арахь тIом гIелбелла,
Чов ехка со хиъча,
Сагатло сайн нанна…


Хамидов Iабдуллин башхачу кхоллараллин ойла йича, доза доцуш цуьнгахь хиллачу хьуьнаро шех тамаш бойту. Нурадилов Ханпашин Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан драмтеатран директоран декхарш кхочушдеш, иза ларийна «Асланбек Шерипов», «Майра Кикила», «Бэла», «Мекхаш-Мирза», «Тамара», «Левониха на орбите», иштта дуккха а кхечу спектаклашкахь а дакъалоцуш, хIора сарахь, диллинчу сохьтехь сцени тIе волуш, къеггина васташ кхолла. Бакъду, тидамза ца бисна цуьнан хьанала къинхьегам а. 1959-чу шеран бекарг (март) беттан 3I-чу дийнахь дуьйна Нохч-ГIалгIайн Республикин халкъан артист сийлахь цIе лелош хилла Iабдулла. Оццу I959-чу шарахь вайн махкарчу яздархоша шайн цхьаьнакхетараллин председатель хаьржина иза. 196I-чу шере кхаччалц оцу даржехь хилла Iабдулла.

Кхочушдан дезарш дукха хиллехь а, литературехь къахьега хан карайо цунна. Цу муьрехь язйина ю Хамидов Iабдуллин «Лаьмнийн йоI» цIе йолу пьеса. Иза советийн Iедал тIедогIучу муьрехь Соьлжа-ГIалахь буьрса кхихкинчу бIедийнан луьрачу тIамехь турпала йоьжначу вайн махкахочун Арсанова ПетIаматан къаьхьа кхоллам бовзуьйтуш ю. I960-чу шеран бекарг (март) беттан 3I-чу дийнахь хилира Хамидов Iабдуллин пьеси тIехь Белолипецкий Алексейс хIоттийначу «Лаьмнийн йоI» спектаклан премьера. Вайн махкахоша, похIмечу авторан кхийолу говзарш санна, хазахетарца тIеийцира «Лаьмнийн йоI» а. Цул совнаха, прозехь шен хьуьнарш зиэн а кхуьу Хамидов Iабдулла ХХ-чу бIешеран 60-чу шерашкахь. «ГIирамсолта», «ДIа коч – схьа коч», «Махьсолтийн доьхна де», «Даргий, Дургий», «Экзамен», иштта дуккха кхин говзарш а зорбане юьйлу яздархочун Нохч-ГIалгIайн Республикехь зорбане дуьйлуш хиллачу газетийн а, журналийн а агIонаш тIехь. Иштта жигара болх бина Хамидов Iабдуллас гочдаршкахь а. Цо нохчийн матте гочйина, Нурадилов Ханпашин цIарахчу Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан драмтеатран сцени тIехь тайп-тайпанчу режиссераша хIиттийна ю: А.Токаевн «Женихи», У.Гаджибековн «Аршин мал алан», Г. Мдиванин «День рождения Терезы», Т. Абдумомоновн «Кто виноват», Н.Алибегован «Бэла», Г.Хугаевн «Муж моей жены»…


1960-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн Республикин куьйгалло цIаьххьана Ленинграде хьажаво Хамидов Iабдулла, театральни институтехь доьшучу вайн къоначу махкахошна нохчийн мотт а, литература а хьеха. Бакъду, царна ненан мотт хьехарх тоам ца беш, ткъех шо хьалха немцойн фашисташа ямартлонца СССР-на тIелатар бахьанехь юкъахдисна шен дешар а чекхдоккху Хамидов Iабдуллас. Къоначу актерашца цхьаьна театральни институт кхиамца чекхъяккхаран хьокъехь тоьшалла (диплом) дохьуш, цIавоьрзу иза. Бакъду, Ленинградехь а мукъа Iийна-м ца хиллера иза. СадаIар доцуш, къоман театрана хаддаза къахьегар цIийх доьлла волчу Хамидов Iабдуллас ша Ленинградехь волчу муьрехь нохчийн матте гочйина дуьненна гIараваьлла вевзачу ингалсхойн драматурган Шекспир Вильяман «Ромео и Джульетта», советски драматургин Зак Авениран, Кузнецов Исайсан «Два цвета» цIе йолу пьесаш. Ленинградехь доьшуш хиллачу вайн къоначу махкахойн дипломни спектаклаш оцу пьесаш тIехь хIиттийна яра.


Лениградера цIавирзича язйо Хамидов Iабдуллас шен башхачу кхоллараллера коьрта говзар «Бож-Iела». Цуьнан йоIа Ларидас дийцарехь, иттаза юхаязйина Хамидов Iабдуллас и самукъане комеди, ша резаволчу кепе ялош. Нохчийн къоман театран кхоллараллин хьал дика девзачу I.Хь. Хамидовна ша пьеса язъеш дуьйна хууш хилла, муьлха васт, муьлхачу актеран амалца, похIмица догIур ду. Шеца болх бечу хIора актеран амплуа а, корматаллин таронаш дика евзаш хилла цунна. Хамидов Iабдуллина кIорггера нохчийн мотт хууш хилар а, халкъан дахар бухера дуьйна цунна девзаш хилар а комедино ша схьагойту, вай цунна хастамаш бан а, къеггина дустарш леха ца оьшуш. «Бож-Iела» комеди 55 шарахь халкъалахь ехаш хиларо гойту, нохчийн къоман культурехь а, литературехь а, махбоцу жовхIар хилла, иза дIахIоьттина хилар.


«Бож-Iела» комеди язйинчул тIаьхьа, язйина вайн турпалхочо «Лийрбоцурш» цIе йолу турпаллаллин драма. Советийн Союзан Турпалхочух Нурадилов Ханпашех ю иза. Коьртачу турпалхочун васт кхуллуш РСФСР-н хьакъволу артист Омаев Дагун волуш, I967-чу шеран лахьанан (ноябрь) беттан 4-чу дийнахь хилира режиссера Хакишев Руслана хIоттийначу «Лийрбоцурш» спектаклан премьера. Мерза кхаъ хилла еара спектакль вайн махкахойн дахаре. «Лийрбоцурш» спектаклаца хьалхара гIулчаш йохуш дара вай, вешан къоман турпалхой хесторехь, халкъана, махкана уьш бовзийтарехь а. Иза а Хамидов Iабдуллех схьадаьлла беркат ду – Даймехкан сий лардеш дIакхелхина нохчийн яхь йолу кIентий хьакъдолччу тIегIанехь хьахор а, бийцар а…


Цхьа шатайпа башха амал йолуш, тамашена стаг вара Хамидов Iабдулла. Коьртадерг ша даза дисарна кхоьруш санна, хаддаза къахьоьгуш вара иза, къоман культурин массо а дакъа серладаккха лууш. Цунна къеггина тоьшалла ду Хамидов Iабдуллас тайнигин театрана лерина язйина «ТIам сийна кхокха» цIе йолу пьеса. Яздархочун кхийолу говзарш санна, и пьеса ю тахана а ехаш, къоначу хьовсархошна хазахеташ. Авторан кхийолу говзарш санна, нохчийн къоман культурехь а, литературехь а махбоцу говзар хилла дIахIоьттина «ТIам сийна кхокха».


Йийцина ца валлал йоккха лар йита кхиъна нохчийн сийлахь яздархо Хамидов Iабдулла вайнехан къоман культурехь а литературехь а, ткъес санна доца хиллачу шен дахарехь. Тахана нохчийн къоман культурин хазна хилла дIахIоьттина цуьнан сирла кхолларалла. Яздархо вайца воцу 50 шо сов зама елахь а, цуьнан кхолларалла халкъаца ехаш ю. Иза Iаламат доккха ирс ду… Шен ворхIе да ваьхначу Йоккхачу АтагIа вахана, Соьлжа-ГIала цIа вогIуш, 1969-чу шеран мангалан (июль) беттан 6-чу дийнахь хиллачу некъахьовзамехь (авария) шен 49 шо кхачале дIакхелхина Хамидов Iабдулла. Дала гечдойла цунна. Шена йоца юй хууш санна, халонашна къар ца луш, халкъан дуьхьа къахьегна стаг ву иза, де-буьйса ца лоьруш. Цундела, цхьа а шеко йоцуш, шен заманан турпалхо ву Хамидов Iабдулла! Инзаре эрчонаш шена тIехIиттарх, бIаьрнегIар ца тухуш, доьналлах ца вухуш, яхь дIа ца луш, зуламийн дарцехула майрра чекхвийлина къонах ву I.Хь. Хамидов. Шен къам зовкхечу дахаре кхача лууш, хьанала къахьегна ву иза. Цундела хьакъ ву Хамидов Iабдулла бакъболчу турпалхойн могIаре дIахIотто а, цуьнан сирла амат халкъан иэсехь даха а.

Орга №3. 2020

959 комментариев