ГАУ «Издательский дом»

ЧIирдиган дошам

Басе (йу) – ирхе йолчу ломан, дукъан, арцан, гунан цхьа аг1о.
Буьхьиг (йу) – газанан кIорни.
Голатухучохь (некъо голатохар) – некъ хьаьвзачохь.
Дингад (йу) – жима экха (ласка).
Иччархо (ву) – нийса топ туху таллархо.
Йома (йу) – йоьхначу бедарна тIетоьгу кIаденан цуьрг.
Кетар – чухула кхакха а болуш, шийлачу хенахь тIехулаюху бедар.
Маха баккха – хIума тегар.
НIаьвла (йу) – бIаьста уггар хьалха цIадоьрзу олхазар.
Пийл (ду) – Африкехь, Индехь дехаш долу доккха дийнат.
РагI (РаьгIнаш) (йу) – лекхачу гунийн могIа.
Синпха (бу) – дегIан цIий лела коьрта пха (пульс).
Сацкъар (бу) – можа хатт.
Тайниг (йу) – берийн ловзарг.
ХIорд (бу) – боккха Iам.
Экха (ду) – хьуьнхахь деха акха дийнат.
Эса (ду) – аьттан кIорни.
Чаккхарма (йу) – меттиган геналла, йохалла юсту барам.
Чалх (йу) – дистинчу хино еана тайп-тайпана дечигаш, тIулгаш, гIум, буц.
Iапказ (бу) – хIордал доккха сецна хи. Дуьненчохь биъ Iапказ бу.
Iовраш (йу) – ло дешча я догIанах кхоллало хиш.

Стела1ад №1. 2021

66 комментариев

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.