ГАУ «Издательский дом»

МАХАЕВА Жовжан. Сайн дех дош

ТIом… иза вайна диканиг дохьуш ца богIу, вайна цаоьшушшехь богIу. Цо хIумма а цIин ца до, цо массо а хIума хIаллакдо, массо а хIусам чу богIий, массо а адамна а, массо а садолчу хIуманна а коьрте болий. Данне а дагахь а доцуш, фашистски йовсарш тIелетира 1941-чу шарахь Советски Союзана. Дийнахь дан деза шайн гIуллакхаш а дина, бан беза белхаш а бина, садаIа дIадийшинчу маьршачу адамашна цIеххьана, буьйсанна кхо сахьт долуш тIелетта, массо а тайпана герзаш тIетуьйхира фашисташа.


Уггар а хьалха герзаш тIетоьхнарш вайн дозанца йолу гIаланаш а, ярташ а, гIепаш а яра. Царах уггар а коьртаниг Брест-гIап а йолуш. Гитлер тешна вара, шен эскарш цIаьххьана тIелетча, шен кхиамаш хир бу аьлла. Дан а дара юьхьаьнца иза иштта. Дукха гIаланаш, бахамаш, адамаш хIаллакдира фашисташа.


Дукха хIума дIадаьхьира Германе, Iаьржа латта а тIаьхьа. Цул сов, кегий нах, зударий, зудабераш а Германе дIадуьгура. Дукха сиха вайн Даймохк схьалоцуш вара мостагI.
Гитлер тешна вара, масех баттахь СССР пачхьалкх эша а йина, ша когаш кIел ерзор ю бохучух. Башха дукха бах а ца белира Гитлеран кхиамаш.
ЦIаьххьана тIедеанчух кхерадаларх, цецдовларх а меттадаьхкича, Советски Союзера дерриг а адамаш – жиманиг а, воккханиг а – шайн Даймохк мостагIчух паргIатбаккха дуьхьалдевлира мостагIчунна. ТIеман гIирсаш, техника еш йолу заводаш мостагIчуьнга хIаллак ца яйта, цуьнан кара ца яхийта, мостагI тIе ца кхоччучу, кхераме йоцучу меттигашка дIакхоьхьуш, кIелхьарайохура. КIеззиг хан яьлча, оцу заводашкахь, цхьа а кхерам а боцуш, эскарна оьшуш мел ерг ян таронаш яра.


Сан да, Махаев Даян, тIеман хьалхарчу деношкахь шен лаамехь тIаме ваха кечвелира, ша воккха патриот хиларна. Даянан накъостий а, цуьнан нийсархой а, цуьнца яхье а бевлла, шайн лаамехь цуьнца цхьаьна тIаме баха кечбелира. Уьш бара Хьалха-МартантIера, ГIойтIара а, Гихтара, Гихчуьра, Роьшничуьра а кегий нах. Итт жима стаг вара уьш.
Кхара тIаме даха болу шайн лаам дIабовзийтича, хIорш къинхьегаман арме хьовсийра, нохчаша шех «турдарми» олуш хилла йолу. Цигахь кхара саьнгарш йохура, танканашна дуьхьалонаш а йора. Цхьа хан дIаелира, хIорш «трудовой армехь» болуш. Кхара дийриг оьшуш гIуллакх дара, делахь а хIорш резабацара кхочушдан шайна тIедиллинчунна. Цхьана дийнахь, шаьш цхьаьнакхетча, дийцаре дира кхара шаьш лелориг.


«ХIара саьнгарш яхар, танканашна, кхечу техникина а дуьхьалонаш яр а, вайга, цIахь Iийнехь а, далур дара. Нагахь вай, дала а ца леш, цIа гIахь, ваьш хIун тIом беш дара эр ду вай? Вай дера деза вешан хьуьнар а, майралла а тIамехь гайта», – аьлла, сацам бира кхара.
Кхаьргара заявленеш дIа а эцна, хIорш тIаме бахийтира. Бакъду, кхарна хетарг ца хилира… Кхарна дагахь дара, уггар а халачу, кхерамечу меттигашкахь тIемаш а беш, нохчийн дика цIе яккхийта, Даймохк ларбеш, майралла, доьналла, хьуьнар а гайтина. ХIорш тIом бечу эскаршка дIабигнехь а, тайп-тайпанчу полкашка дIасабийкъира, шиъ цхьаьна ца вуьтуш. Кхин вовшашна ца гира хIорш цу бехачу тIамехь. Шаьш иштта стенна дIасакъастийна бохург хьалха-м башха дага а ца деанера Даянна, тIаьхьо нохчий Iедало хIаллакбан болийча, иза иштта политика хиллийла хиира-кх.

Оставить комментарий

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.