ГАУ «Издательский дом»

Шахмурзаева Максалина. Ма дика ду хьо тхан йолуш

Нана, ма дика ду
хьо тхан йолуш,
Iуьйранна новкъадохуш,
Сарахь чудалош,
Тхоьца долуш
хьайн хIора де-буьйса,
Тхо даха Iамош.

Нана, ма дика ду
хьо тхан йолуш,
Тхуна мел оьшург хьайца карош,
Тхо Iамош ког нийса баккха,
Дош оьшшург ала…
Хьо йоцуш ма дуьтийла тхо Дала…

Стела1ад №2. 2020

Оставить комментарий

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.