ГАУ «Издательский дом»

Эльмурзаева Камила. Дада

Уллехь гуш вацахь а, сан дог ахь хьоьсту.
Генахь вуй хуъушехь, уллехь ву моьтту.
Хала ду дада вац бохучух теша,
Дог даим хоьттуш ду: «Стенгахь ву-теша?!»

Хазачу амалша хазвина вара,
Догдика, комаьрша ву аьлла вара,
Хьеннан а доьхна дог хьаьстина вара.
«Ма елха! Ма велха!» – баьхна хьо вара.

Хала ду кхин гур вац бохучух теша!
Аз хаза, кхин хир вац бохучух теша!
Кхин дог ахь хьостур дац бохучух теша!
Вайн цIахь хьо кхин гур вац бохучух теша!

Хьоьца цхьаъ хуьлура бIаьсте а, Iа а,
Аьхна а, декхна а хуьлура Iалам,
Бен-башха дацара – бода я серло,
Цхьа а вуо дацара, сан дог шех кхера.

Хьо хIинца гIенах бен ван а ца вогIу,
ГIенах хьо вайча, сан бIаьргех хи долу.
Дада, хьо доггах ас сайн маракъовлу,
Доьху ас: «Сан Дада, юха а вола!»

Стела1ад №2. 2020

3 комментария

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.