ГАУ «Издательский дом»

Сулейманова Зайнап. IАЬНАН ТУЬЙРА

ДIахьовсийша, бераш, ара:
Ца го шуна хаза Iуьйре?!
КIайн-къорза бос хоьрцу ареш –
Ша ма-дарра Iаьнан туьйра!

Лайн чимаша, хаза, говза

Куц даьккхина, Iалам кхолу.

Нур-зIаьнаршца стигал ловзу,

Дуьне, доьлуш, малхадолу!

ГIура-Дада вайга вогIу!
ХIоранна а деъна совгIат!
Цунна реза хилла чIогIа,
Ека берийн зевне гIовгIа!

Стела1ад №4. 2021

5 068 комментариев