ГАУ «Издательский дом»

Гаьнгали

Эсал хьоьстуш, дижо, нанас
Гаьнгали чу дуьллу бер.
БIаьргаш хьежош стигла-ана,
Цу чохь хуьлу цуьнан тер.

Когадахча, хIуттуш новкъа,
Бер дIакъаьста гаьнгалих.
Бицлур бац и шераш довларх,
Бехар бу и ойланехь.

ТIаьхьара алар
Тахка-тахка гаьнгали,
Дожош гаьннаш тIера тхи,
Маьлхан серло техкаеш,
Беран гIенаш къагадеш.

Техка, техка бералла,
Техкош стиглан сийналла,
Техка диттийн сийна гIаш,
Бешах тийна IиндагIаш.

Дешнаш – Ахмадов Мусан
Мукъам – Даудов Рамзанан

Стела1ад №2. 2021

3 414 комментариев