***
Меллаша тIеоьгу догIа,
Октябрь йукъал тIехбаьлла.
ХIинца а кхачанза шело,
ХIинца а гIа сийна лаьтта.
Аьхкенан тов лайна бай
Баьццара – сенбелла беха.
ДогIанах кхоьлина стигла
ДIогарчу аналлехь йижна.
Ишттачу дийнахь хьо мукъа
Дерриге гIулкхех.
ХIинццалца са хIунда
даьхна-те –
Дезарийн лоллехь?!
Стигалахь басарш иэделла –
Йочанан ца хилла тIаьхье.
Дисначу дезарийн хьаьтта!
Са хьарчош генна дIа къайле.
Нана
МаьркIажехь дIайов дийнан билгалонаш:
Сийначу аналлехь бутт гучуболу –
Аьгначу йистошца, чIепалгах богуш.
ГIурчонах кхо седа баттана улло.
Цу хиндойн чордаллех, тир йохуш говза,
Кораха чукхетта кху беттан серло.
ХIу бен ду: вай хьалха йа тIаьхьа
Йисарах кху беттан серло –
Нана, вай вовшах тухун дерг валаран тIай хилча,
И малх-бутт кхоьллинарг ма говза хилла-кх!………………………..
ТIаьхье йеша “Орга” журналехь (№1.2025)





