ГАУ «Издательский дом»

Закриев Iийса. Бахам

– Баба, нанас соьга хIун боху хаьий хьуна? – бIаьргаш горгбина, хоьтту БойсагIара.
– ХIун боху цуо, Дога? – олий, хаттар до денанас.
– Ас Дедига а, девешига а ладогIа деза боху-кх, дегачул а хьалха. И муха хуьлу? Цкъа хьалха дас а, нанас бохург дан ца деза?


– Цо нийса боху. Хьан дедай, сой ма ду вайн доьзалехь да-нана. Вай цхьа доьзал бу, ткъа шу дерриш а тхан бераш ду. Вайн коьртаниг Дада ву.
– Сан да Вашел а воккха ма ву, тIаккха а ас девашас аьлларг дан деза?


– Деза, сан диканиг. Хьуна цхьа сингаттам баьлча (Дала тIе ма доуьйтийла!) деваша орцахвер ву хьуна уггаре а хьалха, хIунда аьлча хьан дена и дан бегIийла йоцуш хьал хIотта тарло. Хьуна дагадогIуш хир ду: нахана гучохь вайн дай-наноша бераш тергалцадар.

Амма девешин бакъо йу вешин берашка хьажа, цунна и бехкамаш боцу дела. Девешин бакъо йу нахана гуш хьо караэца а, хьаста а. Хьан ког лазийча, йа хьуна кхин хIума хилча, йуххехь со а йоцуш……………………………………………………………….

ТIаьхье йеша “Стела1ад” журналехь (№2.2025)

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.