ГАУ «Издательский дом»

ЗАКАЕВА Макка. Iаьржа йоI


Со санна «Iаьржа йоI» хиллачу
Алиева Заринина лерина
– Ой, хIара Iаьржа йоI хьенан йу? – олуш,
хезира керта йолучу жимачу йоIана.
– ХIара Ахьмадан йоI йуй? – олуш,
йухахьаьжира кхаьрга веана хьаша.
ДIавоьдучу цунна тIаьхьадаьллачохь сецна
лаьттара йоьIан деда, денана а.
– ХIаъ, – корта таIийра дедас.
– Iаьржа йоI, маса шо ду вайшиннан? – йуха а схьавирзира хьаша. Цо
ша Iаьржа йу алар ца ладелла жима йоI, жоп ца луш, хьаж йуккъе шад а
хIоттийна, резайоцуш, хьаьжира хьеше.
– Ой, дадина оьгIазйахана хир ма йац хьо?! – аьлла, велар иккхира
воккхачу стаге.
Цо, кисанара даьккхина, схьакховдийначу ахчано мелла а бIаьрг
серлабаьккхира беран, хьаж йуккъера шад а баьстира, делахь а, ахча
схьаэца эхь хетта, йухайелира Марха.
Дедас ца оьшу боххушехь, беран буйна таIийра хьешо ахча.
– Дала дукхайахайойла! – аьлла, кех велира воккха стаг, деда, денана
а цунна тIаьхьа а долуш.
Цу хенахь хьалхарчу классе йаханера йоI. Бабас хьийзайора иза:
«Бабин чхьаьвриг, кIайн коч йуьйхича, кхин а Iаьржа хуьлу!» – бохуш. И
шена аьлча, халахетий, москал санна, йусалой, охьахуура жима Марха.
ТIаккха, дадас хьостура и, Iаьржачу аматахь йолчу шен хIусамнанна
Iоттар а йеш: «Бабина хьалха дадин йоI Лайн-Аьзни йу!» – олий. Дада
къовллий маравуллура йоIа, йела а къежаш.
Ишколе йоьдуш йуха йезаш йолу кIайн коч а ца йезара Мархина,
Бабас забарна олург бакъ ду моьттуш. «Йоккха хилча, шортта пудар дайа
дезар ду бабин йоьIан. Иштта Iаьржа хилча, цхьаммо а йуьгур ма йац!»
– бохуш, бабас дуьйцург а дагахь дара. ЙоIана ша сихха йоккха хилийта
лаьара, «пудар» хьакха. И хьаькхча, ша кIаййелла, хазлур йу моьттура.
Ишколехь бераша ша хьийзорна кхоьруш хуьлура и, амма хьехархо
а, классера бераш а дика хиларна, цунна шен амат наггахь бен дага ца
догIура.
Йуьхьанцарчу классашкара хьалайаьлла, кхиа йолайелча, иштта а ша
ирча хеташ йолу йоI шегахь доцу «сакхташ» ган йуьйлира. «БIаьргаш
а сийна белахьара. Мара а жима белахьара. Iаьржа а йоцуш, кIайн
йелахьара», – бохуш, куьзгана а хьоьжуш, оьгIазъоьхура Марха. Нанас
83
Орга – 2025 (1)
йа пудар а ца хьокхуьйтура, оьшуш дац, хьо иштта а хаза йу бохуш.
БархIалгIачу классе йаьлча, цхьа кIант вуьйлира, хIара дехьа–сехьа йала
ца йуьтуш, кхунна Iиттарш йан. Кхул а цхьа шо воккха вара иза. ХIара
тIехйолуш гича а, шен накъосташца цхьаьна кхунах воьлуш, забарш йеш
хуьлура. «И дIо йогIург йу-кх хаза йоI, дIахьовсийша цуьнга!» – олура
цо, ца вешаш. Цо и аьлча, вуьйш белалора……………………………………….


ТIаьхье йеша “Орга” журналехь (№1.2025)

Лента новостей

Highlight option

Turn on the "highlight" option for any widget, to get an alternative styling like this. You can change the colors for highlighted widgets in the theme options. See more examples below.

Categories count color

Advertisement

Small ads

Flickr

  • Ost
  • Ost 1
  • Sun
  • Mega
  • Flash
  • Shorba
  • Automna 2026 +
  • Automne 2026
  • Som 5

Social Widget

Collaboratively harness market-driven processes whereas resource-leveling internal or "organic" sources.

ThemeForest

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.