ГАУ «Издательский дом»

Зайпулаева Хеда. Къонах-легенда

Бенойн БойсагIар

ДIаьндарго йа гIоьмо и лоцуш ца хилла,
Хиллехь а чевнаша верриг а дарвина.
Цуьнан кхоллам ламарошна-сийлахь ду масал,
БIаьхочун доьналла даима лаьтта!

«Шен бийца къонахий боцург къам дац! – олу халкъалахь. Вайна хууш ма-хиллара, исторехь дуккха а бу турпалхой, шен къоман маршо, дин къуьйсуш, гIарабевлла. Царах цхьаъ ву Бенойн БойсагIар.


Тхо ворхIалгIачу классехь доьшуш долуш, «Йеха буьйсанаш» роман тIера «МухIажарш» дакъа довзуьйтучу хенахь, тхан нохчийн меттан хьехархочо элира. «Шу мотт дика хууш, вайн къоман истори йевзаш, шайца нохчаллин амал йолуш, хила лууш делахь, Айдамиров Абузаран «Йеха буьйсанаш» хIинцца дуьйна йеша йолийча, дика хир дара». Цо кест-кеста хьахайора вайн гIараваьллачу сийлахьчу йаздархочун трилоги. И хьехор ларамза доцийла хуучу ас, эххар а йеша йолийра трилогин хьалхара том.


Нохчийн къам майра хиларан цхьа а шеко йацара. Романехь дуьйцуш дара оцу турпалхойх. Царалахь а сан синна Iаткъам бинарг вара Бенойн БойсагIар. Суна довза лиира цуьнан дахаран некъаш. Айдамиров Абузаран романехь дукха дац цунах лаьцна йаздинарг…


Россин паччахьан мехкашдIалецаран политика йара цу хенахь дIахьош. Къаьмнаш шен куьйга кIел дерзош, дуьйцийла йоцуш, къизалла латтайора паччахьо. Кхоа ца вора жима а, воккха а… Ткъа къонахчун амалца хьалакхуьучу кегийрхошна ца лаьара, оцу политикина реза а хилла, баха. Цундела цара дуьхьал тIом бора, шайн аьттоне хьаьжжина.

Цу халачу хенахь, 1794-чу шарахь, Бена-йуьртахь, ахархочун Эди-некъе волчу Баршкъин доьзалехь дуьнен чу велира БойсагIар. 1819-чу шерашка кхаччалц цунах лаьцна хаамаш кIезиг бу. Дади-Йуьртахь дIабоьдучу тIамах шега хаам кхаьчча, иза шен накъосташца цхьаьна сихвелира царна орцахвала, амма хIорш дIакхачале, и йурт йагийна, дIайаьккхина, мостагIий дIабахна, аьлла, хабар кхечира кхаьрга.

Цу хенахь, шен бIаьргара хиш сецош, дош деллера цо, ша велла дIаваллалц харцонна, нохчашкара маршо дIайаккха баьхкинчу мостагIашна дуьхьал тIом бийр бу ша аьлла. Хийлазза нохчийн баьччанашка, имам Шамиле олура цо. «Дади-Йуьртахь динарг дицдан а, гечдан а мегар дац».

Имам Шемале а, кхиболчаьрга а йуьхьдуьхьал бакъдерг дIааларца билгалваьлла вара БойсагIар. Шемал воккхавера цуьнан майраллах, доьналлах. Цо цунах «стаг-тIулг» (человек-камень) олура. Шемалан кIант ГIеза-Мохьмад тамаш бина а ца волура цуьнан амалх, синан ондаллах. БойсагIара ша делла дош лардо! Ткъа вайна ма-хаъара, КЪОНАХ – иза шен дош лардийриг ву………………………..

ТIаьхье йеша “Орга” журналехь (№2.2024)

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.