ГАУ «Издательский дом»

Юсупхаджиева Аза. Iаламан беркате совгIаташ

АлхьамдулиллахI! Вайна Дала белла мохк, мотт, ийман, къинхетам, хьекъал, кхетам, Iалам, ткъа иштта ирсечу дахаре боьду некъ къагош, делла гIиллакх-оьздангалла а!


Iаламера беркат довза хан тоьар а йацара, дийцаре ваьлча. Бакъду, шортта дийцаза диснарг гулдеш-м лела вай. Бераллехь Iамийнарг «тIулган тIе йазйича санна карадо», баккхийчара ма-аллара, Iамийнарг оьшуш меттигаш а йогIу. Гинарш, лелийнарш карладовлуш а йогIу зама. Дахар ца лаьтта цхьанаэшшарехь, халонаш, аттонаш а хуьлу. Адам ца лаьтта цхьатерра, бераллера, жималлера, къоналлера къаналле доьрзуш. Иштта ду хенан хIоттаман хьал а. Шо а ду деа декъе декъалуш: бIаьсте, аьхке, гуьйре, Iа. Муьлххачу а хенан а беркат шортта ду, нагахь хьуна цунах пайдениг довза а, тIаьхьарчу тIаьхьенна дита а хаахь.


Iаламан беркат Делера доккха беркат а, комаршо а йу, хастам бина цаваллал. Суна вайн махкахошна а, кегийрхошна а довзийта луург Iаламан басарш ду, вайн дайх, нанойх йисна хазна. Вайн халкъан мотт а, гIиллакх-оьздангалла а, кхин мел долу ламасташ санна говзалла а йу, вайн халкъан хазна хилла йаьхна а, йехаш. Царех цхьаъ йу истангаш даран исбаьхьа говзалла, царна басарш кечдар а.

Делан къинхетамца истангаш дан луурш бу вайн хIинца шортта. Делахь а, хIинца а уьш дато ма-деззара дато а, дара а, тега хуурш дукха бацахь а, цара кхиориг йоккха исбаьхьалла йу вайн нохчийн халкъан. Истангаш до говзанчаш: Ясханов Мохьмад, Исаев Султан, Исрапилова Раиса, Макалова Хеда, Юсупхаджиева Аза, Темирсултанова Амнат, Закриева Лариса, Халимова Фаиза, Абдулхалимова Малкан. Дийнна къоман хазна кхиош къахьоьгу цара массара а, массо а гайтамашкахь дакъалоцуш Нохчийчохь а, кхечу республикашкахь а. Дела реза хуьлийла массарна а, нохчийн халкъан дика цIе йоккхуьйтуш, халкъан хазна кхиош мел волчунна.


Басарш кечдаран говзалла вайн хиллий хоуьйтуш, дуьйцу «Из истории развития шерстяного промысла чеченцев в ХIХ – нач. ХХ вв.» шен киншкин 116-120 агIонаш тIехь Т.М. Шавлаевас. Вайн дай, наной хьалха заманахь дуьйна а говза хилла хиларан тоьшаллин бух бу Тамарин йозанаш. Дела реза хуьлийла цунна!…………………………………..

ТIаьхье йеша “Орга” журналехь (№1.2025)

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.