ГАУ «Издательский дом»

ЮБИЛЕЙ. Iилманчин, журналистан Магомадов Мансуран 60 шо кхачарна

Iилманчин, журналистан Магомадов Мансуран 60 шо кхачарна

Къоман интеллигентан амалан билгало ю: муьлххачу даржехь  а, болх-некъ миччанхьа а хиларх, ойла а, са а, шен дахар-Iер шен маттаца, шен къоман культурица дозар. Магомадов Мансур вайн къоман интеллигентан бIаьрла масал ду.

Философин 1илманийн кандидат волчу Магомадов Мансура шен диссертаци т1еч1аг1йира М. В. Ломоносовн ц1арахчу МГУ-н философин факультетехь 2003-чу шарахь. Цуьнан къинхьегаман некъе б1аьргтоьхча гуш ду, Мансур журналистикехь боккхачу барамехь беркате къахьоьгуш схьавог1уш хилар. 1985 – 2003-чу шерийн муьрехь цо болх бира «Ленинан некъ», «Грозненский рабочий», «Голос Чечено-Ингушетии», «Голос Чеченской Республики газеташкахь. Иштта кхидолчу зорбанан г1ирсашкахь, корреспондентан декхарш кхочушдарна т1ера д1аволавелла иза коьрта редакторан дарже кхечира. Цул т1аьхьа иза вара НР-н Госинформагенствон «Вайнах пресс» генеральни директор, «Правительственный вестник» газетин коьрта редактор, «Российски газетин» Нохчийчохь корреспондент.

Шен корматалла, пох1ма къоначу журналисташна д1акхачош, Магомадов Мансура  НПУ-н (ЧГУ) журналистикин кафедрин куьйгалхочун декхарш кхочушдеш, хьехархочун болх бо. «Объединенни газетин» коьрта редактор, «Наша газета» схьадиллинарг а, коьрта редактор а; «Информационное агентство» Грозный-информ» Пачхьалкхан учрежденин директор, 2003-чу шарахь дуьйна РФ-н Президент волчохь НР-н Гуттаренна векал волчун заместитель а вара. 2008 – 2016 шерашкахь РФ-н Президент волчохь НР-н Юьззина бакъонаш йолчу векалан заместителан декхарш кхочушдеш вара. 2016-чу шарахь дуьйна редактор ву Москвахь х1ора дийнахь арадолучу «Вечерняя Москва» газетехь.

Магомадов Мансуран къинхьегаман некъ, шена хьакъболу мах хадош, билгалбаьккхина тайп-тайпанчу совг1аташца: «Нохчийн Республикина дика г1уллакхашдарна» мидалца, «Къинхьегамехь билгалваларна» аьлла йолчу лерамечу билгалонца, «Нохчийн Республикин хьакъволу журналист» лерамечу ц1арца, Нохчийн Республикин Президентан ц1арах Сийлаллин грамотца а. Россин, Москван, Нохчийчоьнан а журналистийн декъашхо а ву иза.

Магомадов Мансур 1илманан-талламан иттех белхийн автор а ву:

  1. ХХ б1ешеран юьххьехь Нохчийчохь социале а, динан-философин а ойла кхиаран башхаллаш. М., 2003. 86 аг1о.
  2. Нохчийчохь дуьххьарлера зорбанан материалаш (1900 – 1905 ш.ш.). Соьлжа-Г1ала; Нохчийн Пачхьалкхан Университетан издательство. 2012, 120 аг1о.
  3. Керлачу кепара экономика кхиаран муьрера Нохчийчоьнан муьран зорба (1910 – 1912 шераш). Соьлжа-Г1ала: Нохчийн пачхьалкхан Университетан издательство, 2012. 160 аг1о.
  4. ХХ-чу б1ешеран юьххьехь Нохчийчохь социале а, динан-философин а ойла кхиоран башхаллаш. Шорйеш т1еюьзна шозлаг1а арахецна М.: КНИИ РАН, 2013, 120 аг1о.
  5. ХХ-чу б1ешеран юьххьера нохчийн серлончаш. М.: КНИИ РАН, 2013. 120 аг1о.
  6. ХХ-чу б1ешеран юьххьера Нохчийчуьра социале а, динан-философин а ойла. М.: КННИИ РАН, 2014, 244 аг1о.
  7. Дуьненан хьалхара т1ом хилале хьалхалера Нохчийчоьнан журналистика (1900 – 1914). Соьлжа-Г1ала: Нохчийн пачхьалкхан Университетан издательство, 2014, 395 аг1о.
  8. Корматалла – журналист. Хаьржинарш. М., 2014, 520 аг1о.

Магомадов Мансур дуьнен т1е ваьлла 1961-чу шеран январь беттан 3-чу дийнахь Нохч-Г1алг1айн АССР-н Шелан к1оштара Жимачу-Атаг1ахь Магомадов Гайрбекан доьзалехь. 1979-чу шарахь цо чекхйаьккхира Жимачу-Атаг1ара юккъера школа а, Н-Г1 АССР-н телевиденин а, радион а Пачхьалкхан Комитетера белхалойн а, яртийн а корреспондентийн Шеран школа а. Ша 9-чу классехь волуш дуьйна сацамбира Мансура журналистан корматалла караерзо бохуш, дуьйцу цо 2010-чу шарахь «Вести республики» газетин  корреспондентна Ибаева Маликина ша еллачу интервьюхь. Цуьнан лаам бара МГУ-н журналистийн факультетехь деша. Амма да-нана иза ша генарчу Москва г1ала д1авахийта реза дацара, цундела Н-Г1ПУ-н филологически факультетан къоман отделене деша вахара иза. К1анта дагалаьцнарг дара цигахь кхо курс чекхйаьккхинчул т1аьхьа Россин журналистикин лаккхарчу дешаран факультете дехьавала, цуьнан и лаам кхочуш а хилира: 1985-чу шарахь цо чекхйоккху Ленинградера (х1инца Санкт-Петербург) пачхьалкхан университет.

Х1етахь дуьйна шен дахаран къилба хилла ша хаьржинчу некъа т1ехь схьавог1уш ву Магомадов Мансур. Нохчийн Республикера бахархошна иза вевза пох1ме журналист, 1илманча а санна. Цуьнан муьлхха а статья я кхиболу белхаш резахиларца зорбатуху меттигера а, Россера а газеташий, журналаший. Къаьсттина къегина ша вовзийтира Мансура «Объединенная газета» (т1аьхьо «Новая газета») шен белхахойн тобанца арахоьцучу хенахь. Нохчийчохь хьалхий-т1аьхьий ши т1ом д1абоьдучу муьрехь кхузара хьал ма-дарра дерриг дуьненна д1акхайкхош, маьршачу бахархошца федеральни эскархоша лелош йолу харцонаш а, къизаллаш а 1орайохуш, оцу т1емийн ирча юьхь ша ма-ярра д1агойтуш, болх бира газетин белхан тобано.

Магомадов Мансуран къинхьегаман некъ бовзуьйтуш, х1окху статьян юьххьехь цунах лаьцна биначу хаамашка хьаьжча, шера гуш ду иза, мел жоьпалле а болх шена т1елаца доьналла кхочуш, ша-шен ца кхоош цо къахьегна хилар а. Тахана а ву иза Россин коьрта г1алин редакторан даржехь болх беш, цуьнца цхьаьна 1илманан-талламан белхаш язбан а ларош, юьхьк1айн схьавог1уш. Вай лакхахь ц1ерш яьхнарш йоцурш, кхин а масех книга а, статьяш а ю цо зорабне кечйеш, уьш дукхахдолчу т1ехь нохчийн зорбанан истори талларна лерина ю. Кхин а цхьаъ ду кхузахь билгалдаккха дог1уш: Магомадов Мансур философин 1илманийн докторан диссертаци т1ехь къахьоьгуш ву, цундела вай тешна ду, цо и 1илманан лаккхара дарж кестта доккхург хиларх.

ХХ-чу б1ешеран юьххьера Нохчийн Республикин газетийн-журналийн материалех шуьйра пайдаэцна шайн 1илманан белхашкахь нохчийн, г1алг1айн, оьрсийн а 1илманчаша Хасбулатов Асламбека, Колосов Леонида, Ахмадов Шарпуддис, Гакаев Жабраила, Киреев Евгенийс, Акаев Вахитас, Яндаров Андарбека, Гапуров Шахруддис, Туркаев Хасана, кхечара а. Амма цу заманан нохчийн муьран зорбанан истори 1илманан декъехь леррина таллар кхочушдаза дара, ткъа шен зорбанан истори таллаза йисинарг ерриге а Россехь еккъа Нохчийн республика бен яцара. И кхачамбацар д1адаккха 1алашонца д1аболийра цу т1ехь шен лехамаш а, талламаш а Магомадов Мансура, ша баккъал а 1илманча хиларе терра. Цо хаьржинарг 1900 – 1914 ш. ш. Нохчийчоьнан муьран зорбанан метариалаш таллар а, уьш йовзийтар а. Иштта Магомадов Мансура шуьйра бовзийтира дешархошна нохчийн дуьххьарлера журналисташ Шерипов Данилбек, Мутушев Исмаил, Мутушев Ахьмадхан, Саракаев Ибрагимбек, Эльдарханов Таьштамар, кхиберш а. Ткъа х1инццалц церан дахарх а, дар-лелоран а, зорбанан белхех лаьцна вайна хууш дерг к1езиг дара.

Магомадов Мансуран къинхьегаман лаккхара мах хадабо 1илманчаша Б. М. Шахматовс, РФ-н президент волчохь йолчу РАГС-н философин кафедрин куьйгалхочо Л. Н. Москвичевс, философин 1илманийн докторо Яндаров Андарбека, философин 1илманийн кандидато Керимов Мохьдана, философски 1илманийн докторо Акаев Вахита, иштта цхьамог1а кхечу 1илманчаша а. Иштта вай а т1етов царна, Магомадов Мансура нохчийн зорбанан истори т1ехь бина талламаш 1аламат мехала а, беркате а хилар къобалдарца.

Х1окху статьян авторна Магомадов Мансур дуьххьара вовзийтира вевзаш волчу нохчийн журналисто Джанаралиев 1имрана (Дала геч дойла цунна!). И дара 1991-чу шеран юьххьехь со «Даймохк» газетан корреспондентан балха веача. Цул хьалха а евзара суна Мансуран ц1е республикин зорбанехь цо язйечу материалашца. Магомадов Мансур догдика, догц1ена адам хилар гуш дара цуьнан амате хьаьжча а. Амма цуьнга цул сов цхьа шатайпа лерам кхуллуш дерг дара иза х1етахь мел къона велахь а, шен корматаллин хаарш цуьнгахь к1орггера гуш хилар. Масийттаза цуьнца цхьаьнакхетар нисделира сан. Х1етахь цо йовзийтира суна шен къинхьегаман 1алашо: нохчийн дуьххьарлера журналистийн кхолларалла а, Нохчийчоьнан муьран зорбанан истори а таллар. Цуьнца стеннах а лаьцна къамелдарехь а гуш хуьлура иза дика кхетам болуш, шен къинхьегамах лаьцна к1орггера хаарш долуш а хилар. Ас гуттар а леррина йоьшура зорбанехь цо арахоьцу шен материалаш. Тхойшинна т1аьххьарлера цхьаьнакхетар хилира 2014-чу шарахь нохчийн яздархойн Союзехь, ша Москва г1ала д1авахале шен шиъ монографи а, хаьржина статьяш т1ехь йолу книга а елира цо суна. Ас гуттар а пайдаоьцу царах.

Магомадов Мансур нохчийн къоман, вайн мехкан а вуьззина патриот ву, цо шен берриге а белхаш вайн халкъана лерина кхочушбина а бу. Даггара декъалво Мансур цуьнан 60 шо кхачарца! Везачу Дала кхид1а а шен беркате къинхьегам д1абахьа хан а, ницкъ а, могашалла а лойла цунна!

Бурчаев Хьалим

Оставить комментарий

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.