Бералла хала а, лазаме а хиллачух ву нохчийн йаздархо Яшуркаев Султан. 1944-чу шарахь вайн халкъ цIера доккхуш, диъ шо долу Султан шен дех-ненах къаьстина, цхьалха висира. Султана ша йаздо: «Дикка воккха хиллалц, масех шарахь, да-нана дийна доллушехь, байлахь хан йаьккхина ву со. Сайн хьекъалца, самонца ваха везачу хьолехь. Кан лахьо воьдуш, беже воьдуш, когайуха мачаш а, тIейуха хIума йоцуш, мацалла, шело лан дезна».
Лайначу халонаша амал чахчийна, кIоргера хьекъал, кхетам болуш кхиъна иза. МГУ деша а хIоьттина, юридически факультет кхиамца чекхйаьккхина цо. Амма, халкъаца цхьаьна ша лайнарг дийца лууш, литературехь беркате къахьегна Султана. Махкахь а, дозанал арахьа а вевзаш йаздархо хилла Яшуркаев Султан. Цо цхьатера дика йазйина баккхийчарна а, кегийчарна а лерина байташ, дийцарш, повесташ а. Шен санна бералла ца хилийта кегийрхошка даим цо олуш дерг дара: «Iилма Iамаде, дешар тIехь мало ма йе». И весет вай дицдан йиш йац. Дала декъалвойла Яшуркаев Султан! Нохчийн литературехь цо йоккха лар йитина.
ДАЙМОХК
Шийла шовданаш, чехка довдалаш,
хьогах волчунна орцах хьовдалаш!
Дато беттаса, наб ма кхеталахь,
новкъахь волчунна сирла кхеталахь!
………………………………………………………..
ТIаьхье йеша “Стела1ад” журналехь (№2.2025)





