ГАУ «Издательский дом»

Яралиев Юсуп. Аьхкенан чилла

ХIунда аьлла-те нохчаша шеран йовхачу хенах аьхке? Вайн маттахь «аьхке» боху дош «ахк» дашах схьадаьлла долу куц ду. Хица йоьзна карайо шеран уггар а йовха хан кхечу къаьмнийн меттанашкахь а, «аьхке» бохучу дешан маьIна тида вай хIиттича. Аьхка хи тIе гIерта адам, хи тIе гIерта чохь са мел долу дийнат, хьайба, экха.


Лаьмнийн боьранашкахула, бердашкахула, варшашкахула, чIожашкахула, Iаннашкахула лаьмнашкара охьадогIучу хих олу ахк. Аьхкенан тов хIоьттича, ахка чохь луьйчу бераш а, баккхийнаш а. Аьхке – Iалам довха лаьтта хан – шеран йеа хенах цхьаъ йу.


БIаьстенний, гуьйренний йуккъехь хуьлу иза.
Кхо бутт бу аьхкенан: июнь (асаран бутт), июль (мангалан бутт), август (хьаьттан бутт).


Ткъа астрономи Iилманна тIедоьгIна аьлча, шеран уггар дехачу денна тIера (ткъе цхьаалгIачу июнера) дей, буьйсий цхьатерра ши-шийтта сохьте дIанислучу дийне (ткъе кхоалгIачу сентябре – товбецан батте) кхаччалц йолу йукъ йу иза.
Шеран уггар деха денош – «малх цIа кхаьчна хан» лору.

Нагахь санна оцу деношкахь догIа дагIахь, «малх цIахь йочана» олу. Оцу деношкахь стигал гIайгIане хуьлу, дитташ тIера гIаш, маллой, охкало; лаьттахь мел долу са долу хIума, адамаш а тIехь, тевно охьатаIадой, гIайгIане, кхоьлина, беса хуьлу……………………………………….

ТIаьхье йеша «Стела1ад» журналехь (№2.2024)

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.