Дарц
Дарц дара,
Тен ца туьйш,
Йуткъа шок йетташ,
БӀаьрг белла ца вуьтуш,
Йуьхь тIе даш детташ,
Буьрсачу цу дорцо
Со бӀарзвинера,
Са кхачо гӀерташ, цо
ГIаддайъинера,
Къарлой ма гайталахь
Шена хьо, бохуш,
Зевнечу шен озехь
Луш суна гIopa,
Сел холчахӀоьттина
Со йохье вохуш,
Малх санна, цу дорцехь
Сан кхане гора!
***
Ac динчу a,
дан дезачу a
некъийн ойла ас йича,
Кхочушдинчу а,
дан дезачу а
декхаршка ладоьгӀча,
Кхе тилла дечиг доцу
Ӏаьнан суьйре
хьаьжира сан ойланечу товхане.
***
Алаза дисинарг деши ду,
къаноша баьхна.
Сан деган тӀорказахь
и бахам гулбелла дукха.
Хьех-мерх и чекхбаьлла,
ТӀехйина наб санна, хьаьхна.
Дешан ницкъ – олхазар,
ваккха со цу хьолах мукъа.
……………………………………………
ТIаьхье йеша “Орга” журналехь (№2.2025)















