ГАУ «Издательский дом»

Вайн сирла кхане

Вайн махкахь дуккха а йу хаза, керла йина берийн бошмаш.

Цигахь вайн тIекхуьу тIаьхье кхиош, беркате къахьоьгуш бу кхетош-кхиорхой. Соьлжа-ГIалин мэрин ишколал хьалхарчу дешаран хьукмат чу йогIуш берийн беш №4 «Беркат» йу.


Вайн дайша олуш хилла: «Барт болчу хIусамехь ийман а, беркат а хуьлу».


ХIокху берийн бешана тиллина «Беркат» цIе чIогIа йогIуш тиллина йу.


Суна хааделира берашца беш болу болх собарца, ийманца, бераш дезаш, царах дог лозуш, церан самукъадаккха гIерташ, диканиг царна Iамо лууш, бертахь къахьоьгуш йу кхетош-кхиоран тоба.


Оцу хьаналчу белхан доккха дакъа куьйгалхочун Мудаев Бадруддин йоьIан Линдин ду.

ТIаьхье йеша “Стела1ад” журналехь (№2.2025)

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.