ГАУ «Издательский дом»

Вайн доттагIий

Тхан хьоме дешархой, шуна ма-хаъара хIор номерехь оха шуна бовзуьйту тхайн доттагIий. Кху агIонаш тIехь шуна го царах цхьаберш: Адам-Эми ишколехь дика доьшуш, кIоргера хаарш долуш ву. Хахаева Амина даима самукъне йу, бабас йина варени каракхаьчча. Iадлан, Абубакар ши шича ву, спортехь кхиамаш бохуш ву, аьхке тIейеъча, дитташ тIехь цхьа черешни йуьтуш вац. Медина шен дуьххьарлера Керла шо тIекхачаре сатуьйсуш йу, цуьнан 7 бутт бу. Ильяс даим хьалхара ву массо хIуман тIехь, каде а, чехка а ву. Хайрулла нохчийн духар хазахеташ ву, цунах къонах кхуьур ву.СайфуллахI, АсадуллахI ши шича ву, даим цхьаьна самукъдолуш ву. Сих-сиха Баба Зема йолчу вогIий, цунна гIуллакхаш до цаьршимма. Ахьмад йочана хилча а, оза ца луш, денана муха Iаш йу хьажа машенахь вогIу, гергарлонаш лелош хазахеташ ву.

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.