Лаьмнел лакхахь гучуболу
Бовха, сирла, дашо малх.
Ӏаламе цуо маршал хотту,
Хьалабаьлча нийсса ах.
Бешахь декаш олхазарш ду,
Тайна шабар-шибарш деш,
Уллохула татол догӀу,
Меллаша шен шур-шур деш.
……………………………………………….
ТIаьхье йеша “Стела1ад” журналехь (№2.2025)





