ХIокху доккхачу дуьненахь эзарнаш къаьмнаш ду шайн мохк, мотт, гIиллакхаш, ламасташ, Iер-дахар а долуш дехаш. Шайн къаьмнийн башхаллаш царна ларло иэсехь, маттехь. Мотт йа иэс ца хилча, лар ца ло къам, иза, кхечу къаьмнех дIаоьй, дIадолу, цкъа а ца хилча санна. Бакъду, оцу къоман йоза хиллехь, цхьадерг йозанехь дуьсу, ткъа йоза ца хиллехь, цхьана ханна барта дуьйцуш, ларло цхьадерг. ТIаьххьарчу хенахь Iилманчаша, йаздархоша, журналисташа Нохчийчохь беш мехала болх бу.
Цара нохчийн мотт толлуш, дошамаш хIиттош, йартийн истори йазъеш, меттигийн цIерш дIайазъеш, хIинццалц ца бина болх бина. Къоман иэс лардарехь мехала болх бу иза, тIаьхьарчу тIаьхьенаша шех пайдаэца аьтто болуш. Дайн махкаца, кхерчаца зIе хаьддарг огарх тера ву, дIатасавала а, саца а меттиг йоцуш. Оцу дерригенан а хьесап а дина, шерашкахь синехь кхиъна шен ойланаш, тидамаш, дийцарш ду Джунаидов Аюба кехат тIе йозанехь охьадехкинарш. Суна хьалха Iохку ши-кхо де хьалха ас дешна Аюбан масех бIе агIо йозанаш.
Исбаьхьаллин агIо къаго гIерташ дина йозанаш дац хIорш, ткъа шайн кIотарх, кIотархойх, йиша-вешех, уьйр-марзонаш йолуш даьхначу са цIеначу адамех йозанаш ду. Нохчийн халкъан аьхначу, хазачу, цIеначу маттахь йаздинчу кхара оцу адамашка шовкъ-безам кхуллу, церан кхачанийн чомехь хьожа а кхоьтуьйтуш, уьш баьхначу, бехачу дIакхойкху. Вовшашка кхойкхуш цара ирзошкахь диттинчу маьхьарша хьайга кхойкхуш хетало. Лерса хьоьсту церан къамелаша, са а тедеш, цхьа мерза-гIайгIанечу ойланаша генна дIавуьгуш. И хилларш, лелларш геналлехь ца дисийта, лораза ца дайта дина хIара йозанаш Аюба. Дина, и са цIена нах бевзаш хиллачеран ойланехь, иэсехь карлабаха а, ткъа цабевзинчарна церан гIиллакх, оьзда дахар-Iер довзийта а. Церан дахар-Iер шех масал эца хьакъ долу дела.
……………………………………………….
ТIаьхье йеша “Нана” журналехь (№2.2025)





