Нохчийн къоман синкхетам, амал кхиийнарг
Халкъаца а, халкъан дуьхьа а ваьхнарг Делан Iожалло дIавигна хиларх кхетахь а, сингаттам, гIайгIа йуссу даг тIе, боккха эшам хаало синна. Карзахечу дахаро, кIуркIманехь хьийзачу ойланаша гатте хьовзийча, цхьаннах дагавала, дагарадийца лиъча, ахь лорург, хьуна везарг, оьшург, хьох кхетаверг уллехь ца хилча, шозза базло сингаттам. Нехан а, халкъан а сингаттамаш, гIайгIанаш, баланаш а шена тIеэца а, цаьрца бекъа а, аьхначу меттан дешнашца дог хьаста хуучарах, луучарах а вара Айдамиров Абузар. Дала кIеда-мерза мотт, доккха хьекъал, кхетам а беллачу Абузарна хан карайора шен ков-кертахь дуккха а хьеший тIеэца, цаьрца къамел дан а.
Цкъа ша волчу веанарг, масех шо даьллачул тIаьхьа йухавеача, цуьнан цIе а йоккхуш, велалой-векхалой, тIеоьцура цо. Iилманчашца, хьехархошца, студенташца, дешархошца къамелевуьйлучу, цаьрга ладоьгIучу, хазачу забаршца хьешийн самукъадоккхучу Абузара, шен сих чекхйаьхна, халкъе кхачийнера «Йеха буьйсанаш», «Лаьмнашкахь ткъес», «Дарц» романаш, кхин а иттаннаш, бIеннаш мехала произведенеш а. Уьш йазйинера йуьртарчу школан хьехархочо, школан директоро, халкъана йукъара схьаваьлла а, халкъана дика кIант а хилла, хьанал ваьхна, къоман синкхетаман, иэсан само ларйеш лаьттинчу, хIинца а нехан иэсехь вехачу Мескитара Айдамиров Абузара.
Эзарнаш халкъаш дехачу хIокху дуьненахь кхетамца, цхьана маттаца, хьежамашца, лехамашца, мехаллашца кхиъначу адамийн тобанан йа къоман, цIе а йоккхуш, шена йуккъехь къаставой, оцу къоман дика-вон шен сица кхобуш, дагца къуьйлуш, эхь-бехкан, доьналлин, собаран а масал хуьлий лаьтташ стаг-къонах хуьлу. И стаг-къонах, шегахь къоман эс лардийриг, эхь-бехкан хехо, замано ха хаьрцича а шен йуьхьан чкъор, амал, дог-ойла ца хуьйцуш лаьтта, лаьмнашкахь берд, чхар санна, мацах-цкъа дайша йоьгIна бохь лекха бIов санна, Iу-Да а хуьлий, самонехь. Цуьнан дахаран некъах а, цуьнан Дашах а хан-замане хьаьжжина шен кхетам кхио луучу халкъана къилба хуьлу адамаллин, къинхетаман, доттагIаллин, стогаллин, собаран а некъах тиллачунна нисвала гIо дан ницкъ болу къилба.
Массо а къаьмнийн бу йаздархой-хьехамчаш, къонахий, къаной, дешан охIланаш, са цIена нах а. Церан ницкъ кхочу дахаран зиэделлачух доьзначух шайн хьекъалечу, кхетамечу, исбаьхьчу Дашца шайн къоман лазамах кхечу къаьмнийн дог лазийта, диканах кхин къаьмнаш даккхийдейта а, дуьненахь а шайн дика, хаза гIиллакхаш, ламасташ дIадовзийта а. Цара шаьш бинчу кхоллараллин белхашца, къахьегарца, хьанал хиларца шайна бакъо йоккху муьлххачу а хьолехь халкъе бакъдерг ала. Церан даше ла а дугIу дуьненахь барт-марзо, маслаIат, машар хила луучу адамаша. Уьш бахьанехь цIий, бIаьрхиш кIезиг Iена.
Ишттачарах цхьаъ вара I933 шарахь Нажин-Юьртан кIоштарчу Мескитахь вина, къона хан шен халкъаца цхьаьна халонашкахь ГIум-Азин арахь (ГIиргIазойн махкахь) текхна волу Айдамиран Iабдулхьаькиман кIант Абузар. Генарчу махкахь 13 шо а даьккхина, нохчийн къам Даймахка йухадирзича, шен дай баьхначу йуьртарчу школехь хьехархо а, йеххачу хенахь директор а болх беш ша волуш, Абузара шен коьрта лорура эхь-ийман, эхь-бехк долуш, къоме, махке безам болуш, вовшашца а, кхечу къаьмнашца а уьйр-марзо йолуш къона чкъор кхетош-кхиор. Оцу декъехь тIехдика ларош болх барна, Нохч-ГIалгIайн республикин сийлахь хьехархо, СССР-н, РФ-н дешаран серлонан отличник цIерш йелира Абузарна. Школехь ша кхиамца бечу балхаца цхьаьна къахьоьгура цо нохчийн истори толлуш, исбаьхьаллин произведенеш йазйеш а. Къаьсттина историн темина…………………………….
Йерриг материал йеша “Орга” журналехь (№3. 2023 шо)
Оставить комментарий