ГАУ «Издательский дом»

Сулейманов Юсуп. Цициг

Даар-малар шортта долуш
Тоьлла хIусам нисйелла,
Цициг паргIат лелаш дара,
Дахка лацар дицделла.

«Оьшуш мел дерг кийчча хилча,
ХIун хIоьттина къахьега?» –
Олий, дийнахь маситтазза
Хаттар дора ша-шега.

«ХIан-хIа, эшац! Стенна оьшу?
Со массеран эла ду.
Дехкий лоьцуш, уьдуш лелар –
Иза-м, дера, эрна ду».

– Дижар-гIаттар нийса доцуш,
Хьан Iуналла ледара ду.
Хьо, малонча, сан хIусамехь
Ца хилча а мегар ду.

Мерза дууш, кIеда дуьжуш,
Дикка хан ахь йаьккхира.
И дIадели хIинца, – аьлла,
ХIусамдас и лаьллира.

Наха балхахь даьккхинарг ахь
IиндагIехь ма даалахь.
Болх а ца беш йууш волчун
Сий кIезиг дуй хаалахь.

СтелаIад №3. 2023

47 комментариев

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.