ГАУ «Издательский дом»

Сирла седарчий. Вайн сирла кхане

Тхан хьоме доттагIий, оха шуна йовзуьйтур йу тхан керла доттагI, сирла седа, похIма долу йоI Керимова Марьям. Марьям Нохчийчохь Iаш йац. Вайн луларчу республикехь Дагестанехь, Дербент цIе йолчу гIалахь Iаш йу. Даймахкана генахь ша йеха дела, Нохчийчоьне безам кхин а чIогIа бу цуьнан. Марьям I-чу классехь №I2 йолчу ишколехь доьшуш йу.


Жимчохь, мотт Iамале дуьйна, сурт диллар чIогIа дезаш йара Марьям. Тайнигашца ловзарал а дукха дезара цунна басаршца, къоламашца, фломастершца суьрташ дахкар. Дуьллуш долу сурт, шен хене хьаьжна доцуш, чIогIа дика нислора Марьяман. Берийн бешахь даим сурт дуьллуш хуьлура иза.


Цуьнан нанна шен йоI похIма долуш хилар гучуделира, иза ша а суртдиллархо йолу дела. Цо иза исбаьхьаллин ишколе дIайелира.
Нанас хьехар а дина, «Даймехкан турпалхой» цIе йолчу къовсамехь дакъалецира Марьяма. Цо Нохчийн республикин Куьйгалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин кIентан Рамзанан сурт диллира. Марьяма шен суьрта тIехь гайтира: тIамо бохийна, херцаршкахь Iиллина вайн Даймохк Ахьмад-Хьаьжин Рамзанан куьйгаллица халкъо хьанал къахьоьгуш, хазбина, къагийна дIахIоттийна хилар.

Оцу суьрто хьалхара меттиг йаьккхира къовсамехь. ЙоIа дозалла до вайн мехкан Куьйгалхо йерриг Россехь а, дуьнен чохь а лоруш а, везаш а хиларх. «Вайн махкахь маьрша дахар дIахIоттош, бусалба дин чIагIдеш, даржош, исбаьхьа маьждигаш деш, беркате къахьоьгуш ву Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзан. Цундела лиира суна цуьнан сурт дилла», – дийцира тхуна Марьяма. Дала аьтто бойла, хьан, Марьям, Дала кхоллараллин баккхийчу кхиамашка кхачайойла хьо!

Стела1ад №1. 2024

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.