Тхан хьоме дешархой, тхан дика доттагIий! Вайн дайша олуш хилла дIавахханчохь гIаланаш йотта. Иза бохург ду массанхьа доттагIий лаца, гергарлонаш кхолла. Оцу Iалашонца, «СтелаIадан» керла доттагIий болчохь хилира тхо, Соьлжа-ГIаларчу №144 «Аьрзу» («Орленок») цIе йолчу берийн бешахь.

Цуьнан куьйгалхо йу Салгиреева Марем. Цо хазахетарца тIеийцира тхо, деза хьеший а дина. Иштта деладелла, декхаделла дуьхьалдевлира тхуна бераш, нохчийн маттахь маршалла а хоттуш. Берийн бешахь гуш дара белхалоша доггах шайн болх беш хилар.
Берашца доьзна долу хIума чIогIа лерина хила деза. Церан синкхетам кхио денна къахьега деза. «Орленок» берийн бешахь нохчийн гIиллакх-оьздангаллин гурашкахь кхиош ду бераш, нохчийн маттахь дIахьо дуккха а мероприятеш. Нохчийн хьалхалера Iер-дахаран куц гойтуш, музей а вовшахтоьхна Салгиреева Марема.

Берашна чIогIа хазаехета музейра экспонаташка хьоьжуш, царах лаьцна хаамаш гулбо цара. Иштта вайн халкъан турпалхой бовзуьйтуш, церан дахарера масалш дуьйцуш, кхиадо бераш.
………………………………………………………
ТIаьхье йеша “Стела1ад” журналехь (№4.2024)





