Цхьа жима къонах хилла, шел хьекъале йолу йоI бен йалор йац ша аьлла, чӀагӀо а йина, араваьлла. Воьду-уш, новкъахь цхьана воккхачу стагаца нисвелла хӀара. ДIавоьду-уш, къамеле ваьлла xIapa шиъ. Воккхачу стага аьлла:
– КӀант, и дин ма гӀелбелла хьан, ледара дин болчух тера ду иза.
КӀанта жоп делла:
– Хьан дин цхьа некъ бен беш бац, сан дин ши некъ беш богӀу.
Воккха стаг цецваьлла цо деллачу жоьпах.
Воьду-уш, йоккха аре гина кхаьршинна. ГондӀа кхуьуш кIа хилла.
– Делан дуьхьа, ма хаза кхуьуш кIа а ду-кх иза, – аьлла воккхачу стага.
– Ду, дера, диъна дацахь, – аьлла къонахчо.
Воккха стаг шекваьлла, лартӀехь мукъане а вуй-техьа xlaра жима къонах аьлла. Воьду-уш, адамийн йоккха тоба гина кхаьршинна. Барми тIе а виллина, кешнашка дӀаволла хьош цхьа велла стаг хилла…………………………….
ТIаьхье йеша “Стела1ад” журналехь (№4.2024)















