ГАУ «Издательский дом»

Шо

Йеъна кхечи
Хаза бIаьсте,
Малончина
Йу и даьсте.
Жухарг хилла
Хьийза моза.
Бешахь хьоза
Дека говза.
Полла хьийза
Мохехь ловзуш,
Кхаьънаш дохуш,
Кха тIе кхойкхуш.
– Гота йаккха,
Охуш латта,
Мекха баккха,
Дохош латта.
ДIаде йалта,
Тосуш хIу,
Кенаш латор,
Хилахь Iу.
РогIехь хуьйцуш
Сийна бIаьсте,
ЙогIий кхочу
Тайна аьхке.
Мангал туса
Кечйе нуьйжа,
Кечйе гIайракх,
Кечйе аьлха.
Ирзу даккха,
Хадош колл,
ТIаккха йаккха
Хир йу йол.
…………………………..


ТIаьхье йеша «Стела1ад» журналехь (№2.2025)

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.