ГАУ «Издательский дом»

СЕЙЛМУХАНОВ Муса. Хьо хьалхавелира

Генахь хиларх

Могуш-маьрша хьо хилийла лууш,
Ваьлла хиларх хьуна гена со, –
Хилла безам, де мел дели, кхуьуш,
ЧIагIлур бу, ларъеш вонах хьо.

Со Iехийна, сирла шовдан коьрте…
Хено хьоьстуш, цхьа кхин лаьттар ву.
Дагна хьоме хьо кхиъначу кхерчан
Сийдеш, иэсехь безам лаьттар бу.

Хьан ирсана денна аьтто боьхуш,
Генахь хиларх, Деле йоьхур ю!
Синхьаам а хаьдда, кхоллам лоьхуш,
Синтем байна, балехь хьийзар бу.

Вайшинна юкъа йоьлла хиларх херо,
Хиларх шога вайн къастаран некъ,
Валор ву со, мацца а цхьана дийно,
Сатийсамца, ирс левзинчу керта.

Холча ма хIитта

Холча ма хIитта, йоI, дахар ду доца.
Ойланаш дукха ярх а, цкъа деза къаста.
Цхьана дийнахь безаман гуро хьо лацахь,
Елалой, екхалой, ахь дуьне хьаста!

Ойланийн мазлагIахь дог дита лела,
Марзонан дургал цуо гулдийр ду тIе,
Дита и бацалахь сирла тхи мийла,
Иэшахь цуо йойур ю шеконан цIе.

ГIенаха мел гинарг хилийта кхочуш,
Елалой, екхалой, малхаца гIатта!
Дуьненчохь хIумма дац безаме кхочуш,
Цуьнца хьайн ирс хьуна карор ду атта.

Орга №1. 2018

Оставить комментарий

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.