ГАУ «Издательский дом»

СЕЙЛМУХАНОВ Муса. Хьо хьалхавелира

Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президентана,
Россин Турпалхочунна Кадыров Ахьмад-Хьаьжина.

Нохчийчохь тIеман кIур базбала боьлча,
Адамийн къизалла совйийла йоьлча,
Декъазчу синошка мохь-орца даьлча, –
Хьо хьалхавелира, халкъ паргIатдаккха.

Бакъдинан мостагIий Iилманца эшош,
Ийманах галваьлларг эхартах тешош,
Бакъонехь лела дош хIорангга кхачош,
Хьо хьалхавелира, халкъ паргIатдаккха.

КIеззигчу тобанца, шен даг чу чIагIо
Йиллина, дIахIоьтти хьан кIентан агIо.
Къоначийн дог-ойла иркарахIиттош,
Хьо хьалхавелира, халкъ паргIатдаккха.

ГIевттира хьан кIентий, ца бовлуш юха,
ГIазотехь эгначийн, байинчийн дуьхьа,
Зуламдай эшийна, сий-лакхе йоккхуш,
Толамца, Нохчийчоь ахь паргIатъяьккхи.

Барт чIагIбеш, халкъана маьрша некъ баьккхи,
Хийла да Iожаллах кIелхьараваьккхи,
Кхуьучу тIаьхьенна Сийлахь ЦIе йитна,
Турпал-да дIаваха, кIайн дуьне дитна.

Вайн ярташ, гIаланаш юха дIахIиттош,
Исбаьхьа майданаш малхаца гIиттош,
Массо а къаьмнашна маьрша неI йилли,
Яхь йолчу хьан кIанта ирсан тIай тилли.

Хьо юхаелча Дала

Юхаелча, цхьана минотана хьо, Дала
Дийцаза диснарг хьоьга делхон дIа.
Серлайохуш сайн ойланийн кхане,
Хьан когашна барташ дохуш Iен.

Белхо хьоьга кийрахь IаьIна бала, –
ГIалатех сайн буьзна шерийн дуо.
Юхаелча, цхьана минотана хьо, Дала –
Боьрзур бара сан массо чевнан муо.

Хьайн оьзда васт дуьтуш тхоьца даха,
Цуьнца цхьаьна буьтуш кошан барз,
Хьо дIаяха, кешнийн хьармехь яха,
Суна юьтуш корехь зIаьнарш яжа.

Сагатдо хьуна, жимчохь санна, нана!
Муха лачкъор дIа и дегаIийжам ас?
БIарзлуш хилча, тIе мел йогIу кхане, –
Ца гуш хилча, дагна хьоме васт…

Иллийн ницкъ

Иллийн я эшарийн хилла бац цкъа а тоам,
Дахаран некъаша хийцарх шен амат, куц.
Боккха бу дуьненчохь дехачу адамийн лаам, –
Иллеша ло царна кхин дIа а вахаран ницкъ.

Пондаран мукъамо керчаеш тулгIенаш хьалха,
Эшарийн аз кхийда стигланан есалле, хьекъа…
Иллеш ца хилча, хир дара хIара дахар цхьалха, –
Цо бен яшор яц даг тIера зарзйоьлла мекха.

Шерийн къаналле доьду дIа къоналлин гIора,
Деган апаре дерзош шен гIелделла пхенаш.
Пондаран мукъамо гIаттаво меттара хIора а,
Самайоху шераша дIа мел ихна хенаш.

Иллийн я эшарийн хилла бац цкъа а тоам,
Дахаран некъаша хийцарх шен амат, куц.
Боккха бу дуьненчохь дехачу адамийн лаам. –
Иллеша ло вайна кхин дIа а вахаран ницкъ…

Ларделахь дош
(КIанте)

Юьхьдуьхьал аьллачух ма вала дохко,
ТIаьхьашха олучух ларделахь дош.
Харц цIе кхоьллина, вийцарх а махко, –
Бакъдерг дуьсур ду, вилларх а коша.

Халахетар, хазахетар лоьхуш ца догIу,
Хьо цунна хилалахь даима кийча.
Диканна диталахь даьккхина догIа, –
Оьзда мотт хир бу хьан цуьнца бийца.

ДIадевлларш дIадахна, даьржина пана…
Уьш леха ма гIерта, дагна беш ницкъ.
Хастамбеш вахалахь яьккхинчу ханна, –
Дела ву латтош верг шен лаьшна рицкъ.

Ойланаш кегошшехь, дIауьду вайн хенаш,
Керчабеш къаналле зарзбелла хIоз.
Цо денна хьекхош вайн синан пхенаш, –
ДIаяхна яьлла хан хоьтуьйту моз.

Барз буьтуш дIадоьрзу мел деха дахар,
Коьртте доьгIна чурт – вахаран теш.
Мел дукха гулбаларх, буьсур бу бахам –
Вахалахь, хьаналчун сий-ларам беш!..

12 706 комментариев