Зезагех къаьрзина бай –
Можачу, сийначу, кIайн.
Дог догIуш самукъадала,
Туьйранахь санна ду Iалам.
Царалахь, долуш шен куц,
Билгала йу Iаждарбуц.
Шатайпа ду цуьнан хьаьркаш,–
Седарчех тера ду бIаьргаш…
Зазашлахь боьмаша, кIайн,
Кхуьу буц тогIешца вайн.
Малхаца гергарло дезаш,
IиндагIе болуш цабезам.
Кхуьу и аренца, Iин чохь,
Ткъа ломахь, мацах со винчохь,
Дарбане молха ду и,
Шел дика хир доцуш кхин…
Хаздина Iаламан дари,
Кхуьу и хууш куц, барам…
Хир доцуш буц тайна шел,
Дуьненахь, кху маьлха кIел!
Стела1ад №2. 2024