ГАУ «Издательский дом»

ОВХАДОВА Яхита. Бераллера дагалецам…

…ЧIогIа бертахь йара ши кхин. Шина шичехь йара и шиъ. Цхьана хенара йацахь а, дикане-вуоне а, туькана «цхьа саба эца а» цхьаьна йоьдуш. Цхьаъ уллехь йоцуш, важа гича, нах цец а бовлуш. Йоккхачунах массара а Бабу олура, цIе ца йоккхуш. ШолгIаниг – Тамара – забаре, самукъане стаг йара.

Шаьшшиъ йаханчохь Бабугара даьлла цхьацца хIума тодеш, хаздеш, дуьйцура Тамарас. «Дера вацара хьоьца цхьана метте ван везаш, суна айкхйуьйлуш йу-кх хьо!» – дуьйцург шена ца тов кеп хIиттош, къайлаха йела а къежаш, Iара Бабу.

…Цхьана дийнахь йуккъе йоьдучу кхаьршинна туькана хьалха йехха очарт гира. Духкург томат дуй а хиъна, «Хьо хIоккхаза дIахIоттал! Со хIинцца, банка а йохьуш, схьайогIу», – аьлла, хьаьдда, йахна Бабу. Дукха хан йалале, схьаиккхина, лаьттачохь Тамара а йитина (и генахь хетта), нах дIаса а туьттуш, резавоцчунна банка а гойтуш, томат а эцна, схьайаьлла. Шайгара доккха хьуьнар даьлла хеташ, шаьш даьхьна гIуллакх диц а делла, банка а йохьуш, цIайогIуш хилла хIара шиъ.

КIадйелла, садаIа цхьана йуьхка тIе шаьшшиъ охьалахйелча, Тамарас хаьттина: «Деллахь, вашин зуда, эца йахана жижиг, хохкартол а дитина, вайшимма хIун дора кху томатах?» «ХIа? Дера хаац суна-м», – аьллера Бабус. ТIаккха, шаьшшимма динчух йоьлуш, йехха Iийнера, тIехвол-волучо: «Цхьаъ хазза-м делла хIокху шина зудчунна» а олуш. …ТIайл дехьа денна а жима базар хIуттуш меттиг йар-кх ХьалхаМартантIехь.

Цига йаханчохь цхьана йоккхачу стагера хорсамаш эца охьалахйелла хилла Бабу (цу хенахь газет йа бехчалг тосий, лаьттахь йухкура хIума). Охьадехкина хорсамаш дIакегош, схьакегош, царех диканаш хоржуш Бабу а хилла, ша дечунна резайоцуш, амма хIумма а ца олуш Iен йоккха стаг тергал а ца йеш.

ОхьатаьIна, кхинан лерехь Тамарас лохха аьлла: «Хьажахьа, цуьнан бIаьрга тIера хIума…». «ХIа?» – аьлла, хьалаиккхина, дIатасайелла Бабу, шаьш долччохь ша кегийна хорсамаш а, тIаьхьахьаьжжинчохь йохкархо а йитина. «Собар, собар», – бохуш, халла тIаьхьакхиъначу Тамарас «Ахьа хIун до?», – аьлла, хаьттича, «Цуьнан бIаьрг ца го хьуна, ма эцалахь ца бохура ахь?», – аьлла Бабус………………………………………………………..

ТIаьхье йеша “Орга” журналехь (№1.2025)

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.