ГАУ «Издательский дом»
An orchard full of fruit trees. Agricultural landscape

Омар Хаям. Стихаш. Рубаяш

Притча

Хасстоьмаш иэца стаг вахнера базара –
Йа къен, йа хьолана вуькъа и вацара –
Уьш бохьуш цIа кхечи стаг ворданахь –
Ах ворда тIулгаш ду стоьмаш бухахь!
Делахь а, йуханехьа ца ваха базара:
Цунна и йохкархой бевзаш а бацара.
Хилла вас сихха дIахерйира шеха,
Кхин дIа а вуьйлира шен рицкъа лиэха.
Тешнабехк биначарна гечдира цуо.
Цул тIаьхьа делира цхьа шовзткъа шо.
Цхьа воккха ши стаг, кортош охкийна,
ТIевогIий вистхуьлу, эхь хеташ тийна:
– Гечдехьа леварна, доьхкина тIулгаш:
Шерашца тIаьхь-тIаьхьа йозалла гуллуш,
Садуу иэхьан мохь шерашка къарлац.
– Дехар а, гечдар а – синошна дарба.
КъинтIеравалар ду ийманан дакъа.
Хилла вас ас даг чохь ца лелийна цкъа а:
ДIакхийсира тIулгаш ас оццу сарахь.
Аш даг чохь лелий уьш шовзткъа шарахь.

***

Iовдалша хьекъалча лоруш ву со –
Ван-м вац. ТIерачу Далла и го.
Чураваьлла сан жайнаш доьшучу хьуначул
Йа сайх, йа дуьненах ца хаьа сов.

***

Кху дикачу дуьненахь со – хIинца а дешархо.
Хала бу къинхьегам, хала ву хьехархо.
Къежваллалц вахарх, со Iемаш верг хилла,
Говзанчийн дарже ца ваьккхина со.

***

Нагахь хьайн тховкIело йолуш хьо ву-кха,
Вайн халачу заманахь – йу баьпкан йуьхк а…
Цхьанна а эла йа лай воцуш вахахь,
Баккъал хьо ирсе ву – хьайн сица лекха.

Гочйинарг – Цуцаев Iалауди

Орга №3. 2023

9 комментариев

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.