ГАУ «Издательский дом»

Нажин-Юрт – лаьмнийн жовхIар

Нохчийн мехкан уггар хазачех цхьана меттехь ю Нажин-Юьртан кIошт. Лекхачу лаьмнаша а, юькъачу хьаннаша а, шийлачу шовданаша кхин а хазйина иза. Нажин-Юьртан кIоштахь 53 юрт ю: Бена, Энгана, Сесана, Iаллара, Шоьна, Гендергана, Зандакъа, ГIоьрдала, ЦIоьнтара, Билта, Гилана, Мескита, и дI.кх.


Нажин-Юрт кIоштан юкъ ю. Нохчийн Республикин малхбалехь Ямсу-хин шина а бердаца Iуьллу и юрт. Соьлжа-ГIалина (къилба-малхбалехьа) 105 чаккхарма генахь ю иза, ткъа Хасав-Юьртана (къилба-малхбузехьа) –25 чаккхарма генахь. Нажин-Юьртана гонаха, бертахь доьзал санна, хIара ярташ, кIотарш Iохку: Булан-ХитIа, Чурч-Ирзе, Билта, Айти-Мохк, МехкаштIехьа.
Нажин-Юрт кхоллаяларх тайп-тайпана дуьйцуш хезна вайна. Цу юьртан вахархочо Насуханов Ислама иштта дуьйцу: «Дуьххьара, 1787 шарна гергахь, кхузахь йолчу ГIамаран Басахь ваха охьахиъна билтойн тайпанах волу Аьрсамак, цунна тIаьххье – Аьрсамакан ваша Нуьркаш а.

Дуьххьара Аьрсамакан-Отар (кIотар) аьлла цунах. Заманан йохалла, Нажа цIе йолуш, лурвоьлла стаг веъна цига. Шина веше дехар а дина, цигахь шена хIусам а тарйина, ваха охьахиъна Нажа. Кхин а гергара нах тIе а оьхуш, жимачу отарх (кIотарх) юрт хилла. ТкъаесналгIачу бIешеран юккъелц Аьрсамакан-Юрт цIе хилла цуьнан. Россин пачхьалкхан Iедал тIедеънчу муьрехь ярташ тептарш тIе дIаязъян йолийча, вежарша барт а бина, Нажин-Юрт аьлла, чIагIъяйтина юьртан цIе. Нохчийн къоман гIиллакхийн Iадатца тIевоьссинчу хьешан ларам беш, нисдина Нажин-Юрт аьлла цIе тиллар. 1944 шарахь, нохчий махках баьхча, Андалалы аьлла, суьйлийн цIе тиллина хилла кху юьртана. 1959 шарахь 1943 адам хилла кхузахь дехаш, 2010 шарахь – 12 эзар сов.


Нажин-Юртахь 3 ишкол а, 2 берийн беш а, гимнази а ю, халкъан иллиалархочун Усманов Iимранан цIарах культурин цIа а ду. Кхузахь баьхначийн дахар-Iерна тоьшалла до меттигийн цIерша (топонимаша): Лекхачу Коьрта (къилбехьа), Хорбазийн Куп (малхбалехьа), Шина Борзе (къилбаседа-малхбалехьа), Махьма-Хьаьжин тIулг (къилбаседехьа), Махьма-Хьаьжин, Ватал-Хьаьжин зиярт (юьртан кешнашкахь), и. д1. кх.

Дика а, говза а адамаш массо заманахь а хилла Нажин-Юьртахь. Махкахь цIе йоккхуш бу Iеламнах: Iабдурзакъан Хьасай, Макшерипан Ахьъяд, Оьздарбин Эсха. Нажин-Юьртара бу: нохчийн меттан говзанча, РСФСР-н хьакъволу хьехархо, нохчийн меттан Iаматаш язйина Бушуев Недирсолта, нохчийн меттан говзанча, РСФСР-н хьакъволу хьехархо Битиев Хасмохьмад, Нохчийн Республикин Сийлахь гражданин, Российски Федерацин дешаран Сийлахь белхахо Бушуева Райхьанат, и дI. кх.Нохчийн къоман культура кхиош жигара дакъалаьцна Церебицев Элимара а, Бушуев Мохьмада а, Усманов Iимрана а, Дадашева Тамарас, кхинболчара а.


Шера некъаш, шуьйра тIеш, бахархойн керла цIенош, ишколаш, берийн бошмаш, больницаш, цIена урамаш, хаза адамаш, церан екхаелла яххьаш – иштта ду денна кхуьуш, хазлуш йолчу Нажин-Юьртан а, нажиюьртахойн а Iер-дахар.

Стела1ад №1.2020

Джунаидов Аюб, яздархо, мохкбезархо

Оставить комментарий

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.