Хьоме бераш! Вайна массарна а дийнаташ дукхадеза, царах къа а хета, царах самукъа а долу.
Сан цициг ду, цуьнан цIе Муська йу. Цуьнан масех бутт бу. Цунна чIогIа соьца ловза лаьа, амма цкъацкъа иза оьгIазе хуьлу. Со шеца къамеле йаьлча, ас шена куьг хьаькхча, иза суна хьастало. Цунна уггаре чIогIа беза кхача шурий, йоьхьашший ду.
Цуьнан чIогIа самукъадолу тIийриг буьххье кехат тесначу ловзаргах. Тхойшиъ чоь мел йу уьду, доьлуш, йоккха гIовгIа а йоккхий. Наггахь, мамас дов до, гIовгIа ма йе олуш.
Сан жима ваша ву, цунна а дукхадеза Муська. И вон лела дола а делла, мамас човхийча, Муськин гIо лоцу цо, шен кара а лоций.
Суна сайн цициг шуна довзийта лиира. Цхьа дехар ду сан шуьга: варийлаш, дийнаташ ма лазаделаш, къинхетаме хилалаш цаьрца. Мац ца долуьйтуш, шел ца долуьйтуш, Iалашделаш уьш. Вай уьш ца хилча йиш йац, цара вай дог хьосту, самукъа а доккху.
Хьоме доттагIий! Шун дуй дукхадезаш, доладеш дийнаташ а, хьайбанаш а? Делахь, йазде царах лаьцна «СтелаIад» журнале.
Ачхой-Мартанан
кIоштан культурин цIийнехь
йолчу къоначу журналистийн тобанан
уггаре жима декъашхо
Музраева Марьям (9 шо)
СтелаIад 2. 2025















