ГАУ «Издательский дом»

Мусаев Сулиманан “Орамаш”

Эсаран беттан 9-чу дийнахь Айдамиров Абузаран ц1арахчу къоман библиотекехь Мусаев Сулиманан“Орамаш” ц1е йолу киншкин презентаци д1айаьхьира.

Сулиманан иза шоллаг1а киншка йу. Хьалхара киншка “Брелок” оьрсийн маттахь арайелира Москвахь 2012-чу шарахь. Цуьнан дийцарш гочдина х1ирийн, балкхаройн, желтойн, г1езалойн, удмуртийн, кхечу меттанашка. Арадийлина Соьлжа-Г1алахь, Москвахь, Буру-Г1алахь, Нальчикехь, Казанехь, Ижевскехь…

Баьхкинчара лаккхара мах хадийра Сулиманан кхоллараллин. Сулимана вайн халкъан дахарх йазйо, халкъо лайначух, д1адаханчух а, долучух а. Д1адаха х1умма а йиш йац, иэс дийна мел ду. Иэс дан ца дайта йозанехь охьадилла деза.

Мусаев Сулиманан дийцарийн турпалхой мог1арера нах бу, амма х1ор стаг шен доккха дуьне а долуш. Йаздархочо гойтург иза ду – стеган чоьхьара доккха дуьне.  Сулиманан говзарш нохчийн литературин 1аматашна йукъайахна, дешархоша а, хьехархоша хазахетарца йоьшу уьш. Т1екхуьучу т1аьхьенна схьаэца дуккха а масалш  ду Мусаев Сулиманан дийцаршкахь.

Дала т1аьхье беркате йойла хьан, Сулиман!Кхиамаш хуьлийла хьан кхоллараллехь!

Лента новостей

Highlight option

Turn on the "highlight" option for any widget, to get an alternative styling like this. You can change the colors for highlighted widgets in the theme options. See more examples below.

Categories count color

Advertisement

Small ads

Flickr

  • Ost
  • Ost 1
  • Sun
  • Mega
  • Flash
  • Shorba
  • Automna 2026 +
  • Automne 2026
  • Som 5

Social Widget

Collaboratively harness market-driven processes whereas resource-leveling internal or "organic" sources.

ThemeForest

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.