ГАУ «Издательский дом»

Мусаев Сулиман. ГIулч

ГIалмакхойн махкахь Iаш дара тхо, жа тIехь. БIарг тоьхча йист ца гучу аренашкахь лаьттара тхан ши чоьй, учий йолу жима цIа. Жоьла йара цIийнна гена йоццуш, цхьана агIор тIехIоттийна йина баз а йолуш. Жоьли чу Iай, шийла йолчу хенахь духкура жа. Жа дукха дара, шийтта-кхойтта бIе, Iедалан жа, цхьа бIе гергга тхан долахьа уьстагI а болуш. Цхьа гIазкхи Iу а вара тхоьца, дас гIоьнна лаьцна. Дукха хьолахь цхьаьний воьдура и шиъ же, наггахьа дас, ша цхьацца цIера гIуллакх дан цIахь сецча, гIазкхи вохуьйтура. Кхо-йиъ километар гена артезиан дара, лаьтта бухара биргIанаш чухула хи хьаладолуш. И хи йеха ной чу Iенара биргIана чуьра.
Цхьана сарахь дас:
– Вайна йуххерачу артезиан тIехь сайгакаш хааелла суна, кхана царна кIел хаа ваха дагахь ву со, – элира, ша хIума кхоллуш Iаш.
– Же ца воьду хьо? – хаьттира денанас.
– ХIан-хIа, кхана жа къилбехьа дахийта воллу со, догIанаш ихначул тIаьхьа дика буц йаьлла цигахь. ГIазкхи ша ларор ву, гена дига дезаш а ца хилча, – элира дас.
– Дада, соъ ваийтахьа хьайца, – дена йуххе таьIира со.
– Хьо цIахь Iе, – доцца хадийра дас.
Со сихха денене хьаьжира.
– Вигахьа иза, хIун новкъа ву хьуна, – йелаелира денана.
Со ишколе ваханза жима вара. Цкъа а дас шеца талла вигна а вацара. Талла ваханчуьра цIавогIуш да хаавелча цунна генна дуьхьала воьдура со. Ткъа цо, со шена тIекхаьчча, шегара топ схьалой, хьайоуьйтура. Суна боккха кхаъ хуьлура цунах.

Де делкъенга лестинера, тхойша араволуш. «ХитIе йогIу хан йу церан кестта», – кхетийра дас. Цхьалго топ кара лаьцна, тIаьхьа ца виса гIерташ, вогIура со. Йовха йара. «Чкъар-чкъирранехь» декара хIаваэхь олхазарш. Генна стиглахь мотт лаьцна ижу лоьхуш аьрзу къаьстара. Аьрзуна топ хьажийна, «бIов-в» элира аса, йуха, когаш кIелара, парт-аьлла, дIаоьккхуш моьлкъа гина, цунна тIаьхьаведира. Ведда воьду со цIеххьана сецира: бецех шен гезгамаша дIасатесна, цунна тIехь махехь техкаш йоккха сира гезга йара. Озалора со цу йаккхийчу гезгех. Да гена ваьллера. Кху аренашкахь дукха хуьлу текхаргаш дагайеана, сихха дена тIаьхьакхиира со.
– ГIелвеллий хьо? – схьавирзира иза.
– ХIан-хIа, – къар ца вала гIертара со, амма сан карарчу тоьпан бух лаьтта текхаш бара.
– Схьайа топ, – велавелира да. – Таллархо!
Кестта цхьана лекхачу гуна кIоже кхечира тхойшиъ.
– Собардел цкъа, – аьлла, гу тIе велира да. Йуха суна улле веана, охьахиира. – Схьайахканза йу. Охьалахло, садаIа цхьажимма – верриге а цIийвелла, хьуьхьвоьлла ву хьо.
Беца тIе охьахиира со а.
– Соьга а кхоссуьйтур йуй ахь топ? – дехарца дега хьаьжира со.
– ХIан-хIа, белш лазор йу хьан, – элира цуо, йуха сан кхуьйлина йуьхь а гина, тIетуьйхира: – Дика ду, вайша цIавоьдуш кхуссур йу ахьа.
БIаьрго схьа мел лоцу сагал-бацо овкъаран басе ерзийна еса аренаш йара гуш, йукъ-йуккъе огаран можа гIайренаш а йолуш махо гIийла техкош. Тхуна йуххехь зингатийн барз бара. Цхьацца кегий хIуманаш – чамхалгаш, дакъаделла мозий – дIасатекхош лелара зингатий. Йоккха Iаьржа чхьаьвриг йахара йуханехьа, тIехьарчу когашца лустех йина горгалг карчийна. Йеса хеталуш йолу аренаш дахарех кхехкара.
– Горгалгех хIун до чхьаьвриго? – хаьттира аса. – Шен кIорнешна ловзо хьо цуо иза?
– ХIан-хIа, ца хьо. Лаьтта шен Iуьрган чугIойла йолчче охьайуьллу цуо и горгалг, йуха, шийла йолуш, шен арайала аьтто боцучу хенахьа, жим-жима йууш, йуу. ТIера дакъаделла чкъор бен доцуш, йукъера цара йиъна, еса карайо уьш арахь. Аса гойтур йу хьуна, – жоп делира дас. Йуха хьалагIаьттира. – ХIахI, вало хIинца.
Артезианан гена йоццуш лаьтташ йоккха, мекха йиъна цистерна йара. Цунна тIехьа охьахиира тхойша. Аьтто агIорхьа пIелг хьажийра дас:
– Цигахьара схьайахка еза уьш. Кхузахь Iийра ву вайша. Мох а, цхьадика, цигара схьа бу. Дукха хан йалале лохха: – ЙогIуш йу. Гуча ма къадалахь, – аьлла топ йуьйлира цуо.
– Со а хьажийтахьа! – дийхира аса.
– Собарде. Вайшиъ хаалахь дIагIур йу уьш, – сацийра со дас. – Цкъа хи мелла йовллалца собар дан деза вай.
Гуш хIума доцучу суна хан чIогIа меллаша йоьдуш хетара. Цхьаъ хатта тохавелира со, амма дас пIелг бете баьхьира, гIовгIа ма е, аьлла. !ен ца вела, охьатаьIна дIахьаьжира со, дена тIехьахула. Ткъех сайгак йара ной тIе хи мала хIоьттина. Дехьо лаьтташ йаккхий маIаш йолуш бож йара, хетарехь, вукхарна цхьа а кхерам буй хьожуш йара иза. Цхьана боьхьигаш а йара цаьрца, хаза а йолуш. Хи мелла йаьлла, вовшашна шайн кегий маIаш Iуьттуш, кур бетташ ловза елира царех шиъ. Йовл-йовллуш , дехьа евла, йажа хIиттира сайгакаш. Меллаша топ ирахъйахитина, Iалашо лаца вуьйлира да. Боьхьигана ма тоха ала дагахь, аса бага гIаттошшехь, схьахьаьжна кхокха бож, тхойша гина, Iаха а Iохуш дIакхоссаелира. Барзо къахкийча сана, массо а сайгак цхьатерра дIаедира. Топ елира. Цхьа къона газа бертала йахара, ког тасабелча сана. Йуха а хьалаиккхира. Йуьйжира. ХаьнтIерачу баттара доккха урс доккхуш, етталуш Iуьллучу сайгакана тIехьаьдира да, цунна тIаьххье со а. Тоьпан даьндарго аьрру пханар лаьцнера. ХьалагIатта гIерташ, тиссалуш йолу газа ши ког лаьцна къилбехьа ерзийра дас. Йуха… йуха цхьана мIаьргонна сайгакан хьажар лецира сан бIаьргаша. Цуьнан бIаьргаш чу хьаьжча вагийра со, вохийра, къахкира со цу хьажаро. Царна чохь суна гира дуьне дуззал бала, стигал эккхал лазам, кхерам. Со Iадийра. Суна хийлаза гинера уьстагIана урс хьокхуш. Дас шена тIехьа воккхура со, берашна хьежа ца мега олий. Аса атта ловра иза, аьлча а, аса кхин ойла а ца йора цу хIуманна. Ткъа хIинца оцу Iуьллучу сайгако шен бIаьргашца сан даге тесначу гуш йоцучу уьйраца шен бала белхийра соьга, бехк беккхира шен къона дахар сел къиза хадорна.
Беттачуьра когаш сацийна, кхолламна къера хилла йа ницкъ кхачийна дIатийра газа. «Бисмил» доккхуш охьатаьIира да. Ден пхьош лецира аса.
– Дада, – легаш дакъадаларна, йиш хаьлча сана дийкира сан аз. –Дада, ма хьакхахьа цунна урс!
Цецваьлла хьахьаьжира да.
– ДIавала хьалхара, – элира, ша даима урс хьокхучу хенахь олуш ма-хиллара. Урс газан лаге даьхьира.
– Дада! – велхаран къурд беш, шина а куьйге ден пхьарс лаьцна, ницкъ ма-ббу йуха озийра аса, дехар а деш: – Ма ехьа иза, къа ма ду цуьнан!
– ДIавала ца боху аса хьоьга! – дас дIатеттина, охьакхийтира со.
Хьалаиккхина, ченашахдуьзна куьйгашца бIаьрхиш дохуш, со йухатIеведча, хадийначу логах дIадетташ цIий а долуш, «хар» деш Iуьллура газа.
– ХIунда йий ахьа иза? Хьо… хьо къиза…
– ДIасаца, зудбер! Стаг ца хуьлу! Хьайн кхин де ца хилча цIахь Iен везаш хиллера! – оьгIаза ваханера да.
Цкъа, айса хIун до ца хууш, сайгакана тIухьаьдда, тIаккха йухаваьлла, цIехьа ведира со, тIаьхьа кхойкхуш да а витина. Некъ ца къаьсташ воьдура со, йа лартIехь гуш хIума а доцуш. ХIинца гезгех а, йа текхаргех а ца кхоьрура со. Кхин а кхераме, кхин а инзаре хIума гинера суна. Хетарехь, Iуьллуш саьрмак гича а, цунна йуххехула тIехваьлла, иза тергал ца беш гIура а вара. Суна хьалхахьа лаьттара газан боккха, эсала, лазамо Iовжийна, лахахь лацабелла хин тIадам а болуш бIарг. Соьга шен йист йоцу бала белхош, гIо доьхуш, бехк боккхуш сох.
Со воьлхуш цIакхаьчча, суна доьхьал елира денана:
– Баба йала хьан, хIун хилла хьуна? Тоха-м ца туьйхи хьуна цу Iовдала кIанта? – бохуш.
– Мама (тхайн нанас санна, мама олура оха дененах)! – денанна маракхийтира со. – Цуо.. цуо сайгак йий хьуна! Топ тоьхна… урс хьаькхна…
Кхано, суьйранна, нойш чу жарж бухкуш воллура да. Меллаша цунна тIеволавелла, гена воццуш сецира со. Цкъа-шозза схьахьаьжна, кхин со тергал ца веш шен болх беш вара иза.
– Дада, – лохха элира аса, – гIо дей хьуна?
Гондахьа хьаьжна, тIевеъна, дайн сан коьрта куьг хьаькхна:
– Вон вигира аса хьо сайца, вон вигира, – элира цуо. Йуха гIайгIане тIетуьйхира: – Ма хала хир ду-кх хьуна, кIант, ваха! – аьлла, сан хаттарна жоп ца луш.
Сан оьгIазло тоххарехь дIайаьллера. Хьацарах вуьзна, газан чарх йахьаш да цIакхаьчча, иза гIайгIане гича дохкохаваьллера со, айса цунна вас йарна. Сарралца цунах лечкъаш а лийлира со.
Цу дийнахь доьххьара кхийтира со, дахар деккъа цхьа самукъадалареххий, хазахетареххий доьзна доций. Цу дийнахь аса воккхахиларе дийнна цхьа гIулч йаьккхира.

Нана 2.2022

8 863 комментария