Повесть
ТIаьхье. Йуьхь йеша №№3, 4 (2024ш),
№1 (2025ш).
ТIулг санна чIогIа ду латта. Метиг халла бен дIа а ца лета цунах. Харт – олий, лаьттан кегий дакъолгаш дIасакхуьссу. Лакхадаьлла ду асар. Мангал санна, метиг а лестош, йараш хьекха хIоьттира со. Стомма гIад долу асар хада ца до артйеллачу метиго, каглой, охьадужу иза. Наьрсийн хуталш а йу ларйан йезаш. Ларамза а метиг Iотталахь, оцу сохьта хеда уьш, дукха экама хиларна.
Тахана нисделла могIанаш цхьа чаккхарма гергга деха ду. Асар доккха а, могIанаш деха а хиларна, диъ сом ахча а йаздо цхьа могIа баьккхича.
Хьаланисвелла, хьаж тIера хьацар дIадоккхуш, дIасахьаьжира со. ОхьатаьIна, асар деш долу бераш кху йарашлахь къаьсташ а дац. Кисанара гIайракх схьайаьккхина, метиг ирйан хIоьттира со.
– Сан метиг а ирйехьа, – тIейогIу тхан классера Мельникова Люда.
Коьрта тиллина дайн кIайн йовлакх ду цуьнан, тIейуьйхина кIайн коч а йу. ТIехь хьацаран тIадамаш хаалуш йолу йуьхь йерриге а цIийелла. Iуьйранна, стиглахь Iаьржа мархаш а йолуш, шийло йара, цундела цIера арайолуш схьаэцна, хIинца совйаьлла свитер а йу гIодйукъах йихкина.
– Свитер тIе хIунда ца йуху ахь? – забар йеш, хотту ас.
– Йезахь, хьуна дIа-м ло ас, – йелало важа.
– Эцциг цхьанхьа охьайилла, новкъа йац хьуна иза?
– Охьайиллича, йицлур йу суна.
Кхин цхьа йоI а – йалхалгIачу классера Ира йу иза – тIейогIу, шен метиг ирйайта.
Iуьйранна, массо а схьаваллалц бригадехь диттан IиндагIехь тхо лаьтташ, цхьамма мохь тухуш хезира суна:
– Схьада шайн герз!
ДIахьаьжча, дечигах динчу бригадин цIа чуьра чарх арайаьккхина, лаьтташ цхьа стаг вара, кIайн хуражка а тиллина. Шайн метигаш эцна, цунна тIе дахара бераш. Ас сайниг а ирйайтира, сайгахь гIайракх йоллушехь. Бакъду, кху къаххашлахь сиха артйелира иза.
– Шийтта далале хIара могIа баккхалур буй-те соьга? – гIайгIане могIанаш чекхдовлучу агIор дIахьоьжу Люда.
– ДIайалахьа, хьуна хIун бен ду, кхана а кхуза дахка дезаш хилча! – йуьхь тIе йовлакхан тIам хьокху Ирас.
– Дехьарчу могIанаш тIехь асар мелла а кIезиг ду.
ШийтталгIа де ду тахана, тхо асар дан оьху. Практикина тIедиллина долу ши кIира чекхдолуш ду.
……………………………………………………………………….
ТIаьхье йеша “Орга” журналехь (№2.2025)





