Повесть
ТIаьхье. Йуьхь йеша №3 2024 шеран «Орга» журналехь.
Кисана Iежаш а доьхкина, эвлайисте воьдуш ву сой, Миший. Цуьнан дас цхьанхьара йеана, йуьйсина тракторан тIехьарчу чкъурган камера йу Мишас керчош. Соьгахь – чохь хьокхам, сирникаш йолу тIоьрмиг.
– Ишкол ас, дика доьшуш, чекхйаккхахь, дадас авиацин училище деша вохуьйтур ву, аьлла, со, – дуьйцу Мишас. – Суна сайна а лаьа цига деша ваха чIогIа. Хьалха-м космонавт хила лууш вара со. Амма, бакъдерг дийцича, цхьа инзаре хета, вайна кхузара хьалахьаьжча бутт санний бен, гуш Латта а доцуш, йесаллехула лела. ЧIогIа сингаттаме а хир ду космосехь. Цигахь вовшашца къамелаш а ца долу, боху.
– Ткъа кеманхо хила ца хета хьуна инзаре? – хотту ас. – Кеманна тIера охьахьаьжча, лаьтта тIера хIумма а ца хуьлу башха гуш, бохуш, дийцира дадас. Иза хилла кеманна тIехь, со ца хилла.
– Ца хета. Кеманхой мел майра бу хаьий хьуна? Мересьевх кино гирий хьуна тохара?
– Гира, – жоп ло ас. – Шен ши ког дIабаьккхича а, къарцавелира иза, ша йуха а кеманна тIе хаийтталц.
– Ткъа хьуна мила хила лаьа?
Цу хаттарна жоп дала хала дара суна хIинца. Дукха хан йоццуш со а вара дешна ваьлча кеманхо хила лууш. Ас сочиненехь а йаздинера иштта, суна хьехархочо доккха «пхиъ» диллина, «Молодец!» йаздеш. Амма хIинца, со киншкаш йеша волавелча, и лаам хийцабелира сан. Ца девзачу, аддам а кхачанза долчу мехкашка кхача, цигарчу нахана царна довзанза долу хIума довзийта, церан дахар аттачу даккха лаьара суна хIинца. Бакъду, географин хьехархочо, Антонина Михайловнас, тахана карти тIехь «кIайн хьоькхнаш» йисна а йац, бохура, делахь а, хьанна хаьа, дуьне доккха ма ду…
– Гезданча хила лаьа, керла латтанаш схьаделла, – сайн къайле йовзийтира ас.
– Со а вара, хьуна, хIинцалц гезданча хила лууш, – велавелира Миша. – Амма, ойлайел ахь, мел дукха хан оьшу хьуна цу меттигашка кхача. Масех шо дер ду, хьо, масала, гIаш Африке кхача.
– ГIаш хIунда лелаш ву со? – реза ца хилира со. – Говрахь гIур ву, эмкалахь, ткъа хIордана тIекхаьчча – хинкеманца……………………………………………………
ТIаьхье йеша “Орга” журналехь (№4.2024)















