ГАУ «Издательский дом»

Мусаев Сулиман. Дийцарш

Къонах

Кху тIаьхьарчу шерашкахь вовшашца йолу уьйраш херйелла нехан, гергарлонаш а гIелделла гIеххьа, цхьа вуон-дика хилчий бен, гул а ца ло. Ур-атталла лулахой а ца оьху тахана вовшашка чу, хилларш, лелийнарш дийца, марзо эца. Массо а хьаьддий, веддий, цхьацца гIуллакхаш идош лела, цхьа а тайпа гIуллакх доцург гуттар а чIогIа карзахе а хьийзаш. Цундела тезеташкахь йа ловзаршкахь бен вовшашна гуш а бац цхьаболу гергара нах а. Ган-м го, цхьа сихонехь, вовшашка могаш-паргIат хаттал бен кхин мукъа боцуш, го-кх. Иза бахьана долуш, цу синкъерамашца башха шовкъ йоцуш хилла волчу сан, ловзарех самукъдолу тIаьхьарчу хенахь.

Гергарчарах а, бевза-безачарах а марзо эца дика меттиг йу иза.
Хьастаха сан накъоста шен шичас зуда йалийначе вигнера со гIала. Йиъна-мелла, сакъийрина а бевла, эшарш лекха бахкийна болу артисташ а дIакхетийна, лула-кулара а, генара баьхкина а хьеший дIасабаханчул тIаьхьа, шича-маьхчалла долу пхи-йалх жимстаг ша волчу дIавигира Iимрана – иштта йу сан накъостан цIе – жимма луьйш-олуш Iийр ду вай, аьлла. Зуда йалийна волчу шен шичина ши цIа лахахь Iаш ву иза. Тхайна чай а молуш, цхьацца къамелаш деш, дехха Iийра тхо.


ЛагIйина болх беш телевизор а йара чохь. Палестина йу «Керланаш» программехь йуьйцуш. Йохийна гIишлош, чуйетташ йаккхий тоьпаш, бIарзделла, дIасауьду адамаш.
– Суна дага мел догIу, тIом бу-кх цигахь, – доккха садаьккхира Аслана. – Цкъа а дIатоха лартIахь герз а ца хуьлу цаьргахь. Iедашца тIулгаш детташ лийли цкъа…


Аслан тхуна йукъахь уггаре а воккха ву, гIеххьа охьайаьллачу можана йуккъехь къоьжа чоьш а хаалуш.
– Барт бац бусулба нехан, – жамI до Асланан дешнашна цунна дехьа Iаш волчу Муслима. – Дуккха а Iаьрбийн пачхьалкхаш ма йу царна йуххехь, цхьамма а деш гIо а дац…
– Дукха хиларах, хIора пачхьалкхан шен-шен хьашт а, Iалашо а йу, уьш бахьана долуш шайн махкана зиен хилийта ца лаьа цхьанна а паччахьана. Iаьмаркан дуьхьала баккха ницкъ ма баций церан цхьанний а.
– ТIамаца гIо ца дахь а, боьрша дош аьлла, бистхила мегар ма дара…


– Бусулба нехан барт бац, боху ахь, – Муслимехьа воьрзу Аслан. – Иза бакъ ду. Кхин цхьаъ ду бакъ – паччахьашна йукъахь барт а, маслаIат а вайга далур дац, амма вайн ваьшна, могIарерчу нахана, йукъахь а-м бац барт. Масала, вай суьйлех ца беша, вайна узбекаш ца беза, шииташ ца беза, царна вай ца деза… МостагIаша йуккъе цхьа питана дуьллушехь, вай, цу питанан духе кхиа гIортарна метта, марсадоккху иза. Барт хир буй вайн тIаккха? Со жима волуш дуьйнна дагадогIу суна, эскарехь гIуллакхаш а дина цIабирзина болчу кегийчу наха шайн цу узбекашца а, азербайджанцашца а дийлина девнаш дуьйцуш а, цара уьш ледара нах бара баьхна а. Ткъа сан цара и къамелаш деш догъэтIара. Мелхо а, уьш царна оьшучохь тIехIитта безара аьлла, хетара.


«Керланаш» чекх а девлла, цхьа кино йолайелира. Чай мелла валаза волу ши накъост валлалц бохуш, дIаваха хьалагIатта товш ца хеташ Iаш со а вара.
– Нохчаша хIун боху, хьовсий вай, – аьлла, пульт схьаэцна, телевизор кхечу канале туьйхира Iимрана. Концерт йара дIайоьдуш. Усманов Iимран вара хIинца илли олуш. Суна чIогIа товра Сулейманов Ахьмадан и дешнаш:

«Къонаха мила ву?
И меллалц веха?» –
Хаьттира ахь соьга
Шуьнехь Iаш вай.
– Дерриг а дуьне ду
Къонахчун меха.
ХIар дуьне-м къонахийн
Белшаш тIехь дай.

…………………………………….


Продолжение читайте в журнале «Вайнах» №3. 2025

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.