ГАУ «Издательский дом»

Муса Ахмадов. Нохчийн халкъан цхьайолчу говзарех лаьцна

Уггар хьалха мехкарийн эшарш нохчийн маттахь дIайазйинарг ву Л. Н. Толстой 1852 шеран чиллин (февраль) баттахь. Шен нохчийн хьешашка Балтига а, Садога а схьа а йуьйцуьйтуш, цо оьрсийн элпашца дIайазйина шиъ мехкарийн йиш. Таханлерачу дешархошна кхета хала ду воккхачу йаздархочо шена ма-хаззара дIайаздинчух. Амма цхьаццадолчу дешнашна, дешнийн цхьаьнакхетаршна тIаьхьакхуьуш, уьш тидича, гучуйолу оцу эшарийн шатайпа исбаьхьалла. Иштта болх бина оха тхайна Дала беллачу ницкъаца, хьекъалца.
Шина а эшаран чулацам бу цавезачу кIанте дIайала хьийзочу йоьIан сингаттаме латкъамаш, синхаамаш. КхидIа а царах лаьцна ца дуьйцуш, оха кхузахь зорбатуху Л. Н. Толстойс дIайазйина хиллачу эшарийн меттахIиттийна тексташ, церан чулацаман, исбаьхьаллин маххадор дешархошкахь дуьтуш. Иштта кхузахь оха йалайо шен маьIница царна гергайолу оьрсийн поэто А. Фета, барон А. П. Услара гочйина хилла нохчийн халкъан ши йиш. Уьш оха вайн матте йаьккхина.
Цул сов, гIараваьллачу Iилманчин Мунаев ИсмаьIалан дехарца оха нохчийн матте баьккхина ши узам балабо кхузахь: «Вицлур ву», «Бовха бу тоьпан хIоъ…». И узамаш паччахьан эскарехь лакхара эпсар хиллачу А.П. Ипполитовс дIайазбина хилла, оьрсийн матте гочбеш. Уьш дуьххьара зорбатоьхна 1868 шарахь Тифлисехь арайаьллачу «Кавказан ламанхойх хаамаш» цIе йолчу гуларехь.

***

Ма боккха, боккха бала бу, нана,
Сайна цавезацчуьнга гIуо соьга бахар,
Айса-сайна тоьхна, лийр йара, нана,
Эхь дайна йоI йелла эр дацахьара.

Акха а йаьлла, со гIур йара пана,
«Эхь доцчуьн лар леха» эр дацахьара,
Стигала йер йара, марханах йоьлхуш,
Цунах цу кIентан кIа хьекъарна кхоьру.

Iаьржачу лаьттах чу гIур йара, нана,
Буц хилла, гIаттарна, ца кхерахьара,
Цу кIентан стерчашна гIаьттинчу бацах
Кхача хирг хиларна, ца кхерахьара.

Ас хIун дан деза-те, со мича йер йу-те,
Сайна ца везачу цу кIантах йедда.

Балтас дуьйцуш, Л.Н. Толстойс дIайазйина мехкарийн йиш

***

– Алахьа соьга, со йина сан баба,
Вайн ханнийн божлара са цIена гила
Хьан, хIунда балийна хаьий-те хьуна?
Вайн баьрчехь кхозу гIирмахойн мажар-топ
Хьан, хIунда йеана хаьий-те хьуна?
– Цу ханнийн божлара са цIена гила
Балийна хьо йеха вогIучу эло.
Вайн баьрчехь кхозу и гIирмахойн мажар-топ
Йеана хьо йеха вогIучу цу гуьржийн эло.
– Нана, сан хьомсара, со йина сан нана,
Сан даго тIеэцац и гуьржийн эла.
Суна сайна карийна буьйсанах де дешверг,
Цхьа нохчийн йахь йолу майра кIант.

– Вададай, ша йина хьомсара баба,
Вайн баьрчехь кхозу и гуьржийн йездари,
И хIунда кхозу, иза хьан деана?
– И дари деана хьо йеха вогIучу кIанта.
– Суна ца веза, нана, Гуьржеха оьхуш,
Йездареш кхоьхьу и нехан кIант.
Сан нана, со хьайна йезахь, ма йе со хIаллак.
Буьйсанах де дешверг веана со йолчу.
Хьо марша Iойла, со цуьнга дIайоьду,
Дала мукълахь, хIинца со паргIатйели.

Садос дуьйцуш, Л.Н. Толстойс дIайазйина нохчийн мехкарийн йиш

Хьажахьа, нана

– Арайалий, хьажахьа, сан нана,
Лайн бухара буц йу гучуйаьлла.
Гу тIе йалий, бIаьрг тохахьа, нана,
Шан бухара лайн зезаг ду малхе даьлла.

– Лайн бухара буц гIоттур йац цкъа а,
Шан бухара зезаг дер дац цкъа а.
Хьан даг чохь бу мерза безам кхоллалуш,
Цундела ду лайн зезагаш хьуна гуш.

А. Фета оьрсийн матте гочйина йиш

***

– ГIиллакхца, леларца товш йу,
Хьан лаг ду гIургIезачух,
Болар ду хьан бедачух тера,
Йуьхьан чкъор ду шура санна,
Со волчу йолахьа, бабин йоI.

– Ломал лекха хьо хетара,
Лаьттал лаха лахвели хьо.
БIаьстенал хьо хазахетара, –
Мунданал хьо ирча ги…

Со хьо волчу йогIур йац,
Соь сатийса оьшуш дац.

Барон П. К. Услара, оьрсийн
матте дешнашца гочйеш, дIайазйина

Узамаш

1

Со винчу нанина вицлур ву,
Кошан барз лахбелча,
Къеначу дадина вицлур ву,
Кошана тIе буц йаьлча,
Хьомсарчу йишина вицлур ву,
БIаьрхиш шен кхачийча,
Воккхачу вешина вицлур вац,
Сан чIир ша эццалца,
Жимачу вешина а вицлур вац,
Ша коша виллалца…

***

2

Бовха бу тоьпан хIоъ,
Iожалла йохьушберг.
Амма хьо бацара
Сан къиза, каде лай?
Iаьржа ду, латта, хьо,
Ахь со дIахьулвийр ву,
Амма хьо дацара
Сан дино хьешнадерг?
Шийла йу Iожалла,
Ахь милла а сацаво.
Амма сайн дахарехь
Со хьох ца кхийрина.
Кхета со, дегIан чарх
Сан лаьтто хьулйийр йу,
Амма сан маьрша са
Iаьршашка дIагIур ду.

А. П. Ипполитовс
дIайазбина узамаш

12 комментариев

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.