Нохчийчохь хууш ма-хиллара, 2023-гIа шо нохчийн меттан шо дIакхайкхийна дара НР-н Мехк-Дас Кадыров Рамзана. Ткъа дийнна Россехь и шо, хьехархочун, хьехамчин а шо ду аьлла, дIакхайкхийна дара. Мотт кхиорехь, хьехархочун сий-ларам лакхабаккхарехь а мехала а, маьIне а ши хилам бу и шиъ. Цуьнца доьзна суна дагадеара, масех шо хьалха архивашкахь болх беш, 1920-1930-чуй шерашкахь хьехархо болх бинчу бIеннаш, эзарнаш нехан архиван фондана со тIенисвалар. И фонд йа географин а, йа къоман, йа динан билгалонашца дIанисйина йацара. И бахьана долуш, дукха къахьега дезаш нислора, Нохчийчохь болх бинчу хьехархойх хаам карорхьама.
Кхаа шарахь сов болх бича, аьтто хилира республикин тайп-тайпанчу йарташкахь, Соьлжа-ГIалахь а болх бинчу 700 сов хьехархочух дерг довза. Царалахь бара ваха-ван хала долчу нохчийн лаьмнашкарчу йарташкахь дуьххьара хьехархо болх бинарш а. Ишттачарах цхьаъ йу Насибов Улбин йоI Лази. Цунах лаьцна дийца лаьа суна. Иза йина ГаланчIожан кIоштарчу Шунда йуьртахь.
1920-чу шерашкахь Нохчийчоьнан лаьмнашкахь советийн Iедалан политикин дика а, вон а агIонаш хаалора. Бахархошкахь резадацар кхуллуш, церан Iер-дахарна вон тIеIаткъам беш йара Iедало дIакхайкхийна продразвертка. Иза дIахьош, нехан долара даьхни, кхачанан сурсаташ дIадохура. Бахархоша къобалдеш а, царна беркате тIеIаткъам беш а дара берриг а бахархой йоза-дешар Iаморна йукъаозор, дарбанашлелоран меттигаш схьайеллар. Йарташкахь схьайелла йолийра школаш, больницаш. Нохчийн аьтто бара Москва, мехкан йаккхийчу кхечу гIаланашка а деша баха. Республикин лаьмнашкахь а, аренашкахь а отеш-йоьшийлаш йара схьайоьллуш, ишколаш схьайоьллура ур-атталла маьждигашкахь а. Цундела советийн дуьххьарлера дешархой лоруш бу хьуьжаршкара мутаIеламаш, хIунда аьлча, нохчийн маттахь дуьххьара арахецна абаташ а, Iаматаш а Iаьрбийн элпех пайда а оьцуш, хIиттийна йара.
Оцу хенахь нохчийн доьзалшкара зудабераш школе даххане а дохуьйтуш дацара, советийн Iедало божаршна а, зударшна а деша цхьатерра бакъо йелла хиллехь а. Нохчийн Iадаташца догIуш дацара зудабераш, цIера а девлла, лелийтар. Россин пачхьалкхан архивийн фондехь карийначу хьехархочун картано тоьшалла до, Лази Кей йуьртахь хьехархо хилла хилар. Кейхь йуккъера йуьззинайоцу школа хилла, ткъа Шундахь а, оцу йуьртан советана йукъайогIучу кхечу йарташкахь а йуьхьанцара школаш а, ликбезаш а, отеш-йоьшийлаш а хилла. КIоштан дешаран дакъа ГаланчIож йуьртахь хилла. Циггахь хилла кIоштан туш а. Областан туьшана, Соьлжа-ГIалина, уггар а гена хилла ГаланчIожан кIошт. Лазин ирс хилира, школа цуьнан ден Улбин цIахь хиларна а, йуьхьанцарчу школин доладархо цуьнан шича Насибов Мохьмадан Iалихан хиларна а. Цунна тIетоха аш: Лази Улбин хьоме доьзалхо хилла хилар а. Ткъа иза луларчу йарташкарчу наха, тайпанаша а сий-ларам беш стаг вара.
Бераллехь дуьйна кхетам болуш йоI йара Лази. Йоццачу хенахь Iамийра цо школин программа. Бераллехь дуьйна элпаш Iамийна хиларна, шолгIачу шарахь жим-жима кхиболу дешархой Iамо йолайелира иза. Лазин дешархой, цуьнан нийсархой хилла ца Iаш, цул дикка баккхийнаш а бара. Уьш, берриге а бохург санна, цуьнан гергара а бара. Делахь-хIета, наггахь баккхийчара човхо а тарлора иза. Амма шен нийсархошца Лази шога йара, цаьрга забарш а ца йойтуш.
1935-чу шарахь Насибова Лазис Асламбекан йуьртахь (хIинца Эна-Хишка) хьехархойн йоццачу ханна йолу курсаш чекхйехира. Цуьнан хьехархо вара Арсанукаев Исраилан Мажит. 1936-чу шарахь дас цунна пурба делира Буру-ГIаларчу хьехархойн институтехь хиллачу хьехархойн цхьана беттан эхабеттан а курсашка деша йаха. Иштта дIаболабелира лаьмнашкарчу пхийтта шо кхаьчначу йоьIан-курсантан дахаран некъ. ХIетахь курсанташ олура хьехархойн йоццачу хенан курсашкахь доьшучарах. Лази ша ца йахийтира деша. Цуьнца цхьаьна деша бахара цуьнан шичой Оздиев Эска а, Идигов Даламбек а…………………………..
ТIаьхье йеша “Орга” журналехь (№1.2024)
Petek korozyon önlemi Ümraniyedeki dairemizde petek temizliği yaptırdık, sonuçtan çok memnun kaldık. http://www.thehouseloanexpert.com/question/umraniye-petek-temizligi-24-saat/
BWER leads the way in weighbridge technology in Iraq, delivering customized weighing solutions that are accurate, efficient, and ideal for heavy-duty use in any environment.
Examples of representative genes classified as Similar or Efficacious based on microarray data only where to get cheap cytotec without dr prescription The samples were immediately frozen and stored at 70 C for future analyses
Nonpregnant penicillin allergic patients Doxycycline 100 mg PO BID 4 wk how to get cheap cytotec prices
This is my first time go to see at here and i am really pleassant to read all at alone place.