ГАУ «Издательский дом»

Минкаилов Эльбрусан 70 шо

Беркате стаг дуьненчуьра д1авахча а, лар йоцуш вовш вац. Ишттачарах вара Минкаилов Эльбрус, вайн махкана, халкъана беркате стаг.

Хlутосург беттан 28-чу дийнахь Айдамиров Абузаран  цlарахчу Нохчийн къоман библиотекехь дlайаьхьира  вайн республикехь а, дозанал арахьа а вевзаш волчу литературоведан, халкъан йаздархочун, гочдархочун Минкаилов Эльбрусан 70 шо кхачарна лерина дагалецамийн суьйре.

Эльбрус вайн махкахь оьшуш, лоруш стаг хилла хилар гуш дара библиотекин зал йуьзна хиларца.

Ц1ейаххана йаздархой, журналисташ, 1илманчаш, хьехархой баьхкинера Эльбрусна леринчу суьйрене. Дуккха а дара церан дийца оцу башхачу адамах. Х1ораннан шен дагалецамаш бара. Дуккха а довха дешнаш элира Эльбрусан ц1арах, массара а т1еч1аг1дийриг- Эльбрус к1орггера хаарш долуш, даггара шен болх безаш, бакъволу нохчийн интеллигент хилар дара.

Ткъе итт шо университетехь хьехархочун болх беш, кхойтта шарахь литературин-исбахьаллин “Орга” журналан коьрта редактор волуш, нохчийн литература кхиош, иза йовзуьйтуш, къахьегна цо.

Йаздархойн керла говзарш зорбане йохуш, уьш тойеш, дешархошна керла ц1еран йовзуьйтуш, йаздархой кхиийна цо. Эльбрусан гергара нах,   йуьртхой баьхкинера. Кестта Кень-Юьртара школа Минкаилов Эльбрусан ц1е лелош хир йу, аьлла дош делира йуртсоветан депутата Хамзатов Жамалайс, ишколан куьйгалхочо Бисултанова Марета а.  Алиева Заринас шен къамелехь элира школина, урамна ц1е тиллар доьзална, гергарчу нахана оьшуш дац, уггар хьалха халкъана оьшуш ду, т1екхуьучу чкъурана.

Оцу беркатечу наха хьегна къа массарна а кхочуш ду, турпалхо, къонах, 1илманча, йаздархо цхьа доьзалан, йуьртан вац, дерриге халкъан йукъара ву. Церан сий дан а Дала кхетамхьекъал лойла вайна!

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.