ГАУ «Издательский дом»

МАТИН Дадаш. Имам Тозу

Повесть-хроника

Со Нухашшийн махка вахча, ас
схьалецира церан дерриге латтанаш.
Паччахь вийра, цуьнан нана а, цуьнан
вежарий а, цуьнан кIентий а ас йийсаре бира.
Хеттийн паччахь Суппилулиум,
Керла шоIарел 15 бIе шо хьалха.

Бахбеллачу Кавказан тIамо доьхна хьал хIоттийнера Къилбаседа Кавказехь. Ткъех сов шарахь Нохчийчохь а, ДегIастанахь а имам лаьттина Шемал Калугехь Россина муьтIахь хила дуй биъна, шарахь 15 эзар сом ахча догIуш, кхо гIат йолчу гIишло чохь шен вовшашца цатарлучу зударшца хан токхуш вара. Цуьнан хилла наибаш: Бенойн БойсагӀар, Чунгуройн Атаби, Гиххойн СаӀдулла, Зумсойн Ӏума, Нохчмахкахойн Мохьмад-Эмин – йийсаре винчу (церан дагахь – йийсар ваханчу) имамана неӀалташ бохуш, дикка лаьттира, шаьш тӀамна даьхна тарраш беттанаш чу ца дохкуш…. Уьш дӀабевлча а (БойсагIар вийра, Атаби а, Ӏума а Россех хьажийра, СаӀдулла паччахьан эскарехьа велира, Мохьмад-Эмин цхьана ханна дӀатийра) машар ца хӀоьттира Къилбаседа Кавказехь.
Керла Кавказан сардал сийлахь эла Михаил Николаевич Романов, Александр ӀӀ-чун ваша, шатлакхаца тӀе ца лецира Кавказехь.
– 1859 шарахь вай хIара мохк караберзийна бахахь а, иза иштта хила дуккха а гена ду. ТIом сецна бац. Вайца машаре болу ламанхой а цхьана а йукъараллин законна муьтIахь бац, – элира цуьнга кхузахь.
Кавказе вале, ма-дарра довзийтинера цунна Кавказан тIамо паччахьан эскаршна дина зен.
Александр I паччахь волуш 25 шарахь Кавказан тIамехь 1801 шарера 1825 шаре кхаччалц йолчу йуккъехь 103 эпсар вийнера, 228 эпсарна чевнаш йинера, 9 эпсар каравахнера; 2947 салти вийнера, 5610 салтичунна чевнаш хиллера, 874 каравахнера.
Николай паччахь волуш 1826 шарера 1855 шаре кхаччалц 601 эпсар вийнера, 2412 эпсарна чевнаш хиллера, 63 эпсар каравахнера; 18178 салти вийнера,45839 салтичунна чевнаш хиллера, 4062 салти каравахнера.
Александр II паччахь волуш 1856-1864 шерашкахь 100 эпсар вийнера, 514 эпсарна чевнаш хиллера, 20 эпсар каравахнера; 3017 салти вийнера, 10719 салтичунна чевнаш хиллера, 979 салти каравахнера.
Керлачу сардална паччахьа «къаьстинчу тешамца» тӀедиллинера: «150 шо хьалха… Кавказ карайерзо долийна гӀуллакх чекхдаккхар… кхин цхьа а цуьнца цхьаьна – дерриге меттигерчу административни а, халкьан а хьал тодаран декъаш оьшучу кхиам тIе дигар а» (Александр II).
Иза кхочушдан хьалха хиллачу Кавказан сардала Барятинскийс хьехнера:

  1. Зударий кхетош-кхиор
  2. ШарӀ дӀадаккхар
  3. Керста дин йукъадалор
  4. Некъаш дахкар (Кавказехь аьчкан некъаш дахка дуьххьара хьахийнера)
  5. Хиш дахкар
  6. Колони йар (цуьнан хьесапехь рынкаш йахкар).
    Михаил Николаевич чаккхера дӀаволавелира… колони йарна тӀера (цуьнан хьесапехь мехкаш схьабохуш ламанхой караберзор). – Таргамосианаш – гӀалат ду. Ас иза нисдийр ду. Молха а, даш а оьшу суна!
    Паччахьан Россин ламанхошца хинйолу политика цо Кавказан сардалах уггар къиза волчу Ермоловн дешнашца йовзийтира: – Ламанхой вайн союзникаш бац – вайна муьтIахьберш бу. Церан амал – церан кхоллам.
    ТӀеман тактика а Ермоловниг схьаийцира цо:
    – Ламанхой, вайн эскаршна тӀелеташ, шайн хӀусамашкара арабовлу, вайн сурсаташ кхачадаллалц. Кхачаделча, вайн эскарш йухадоху, уьш шайн хӀусамашка йухабогӀу. Уьш йуха ца богӀу доллу хӀума дан деза. Бэллюм омниум контра омнэс!
    Инарлаш кхийтира вайн буьйранчина луучух: эскарш йуххе оза деза ламанхойн йарташна йа ламанхой тӀехило беза эскарийн кхалкхашна. Ткъа резабоцурш… шайн ден мере бахийта беза.
    Цунах кхета везара: йа Турце, йа Сибрех, йа коше. Товбецан беттан 12 дийнахь 1861 шарахь император Александр II Кавказе веача, ламанхойн 60 тайпанаш тӀера баьхкинчу векалша шаьш лаьмнех цадахар дӀахьедича, цо а аьллера: йа лаьмнашкара охьакхалха аренашка, йа шайн бусалба вежарий болчу Турце дӀакхалха.
    Кхоччуш ламанхой Россин олаллина кӀел берзо, шатайпа тӀеман урхалла кхоьллира. ХӀор кӀоштахь наибаш хӀиттийра, йарташкахь – йуьртдай. Аренца долу латтанаш, «казенни» ду аьлла, схьалийцира. Ала догӀура: Россехь олаллин бакъо дӀайаккха йолийна йара, ткъа кхузахь йукъайаккха йолийнера. «Кхузахь олаллин бакъо российски импорт йу», – бохура, хӀетахь Кавказехь хуьлуш долчун мах хадош, Карл Маркса.
    Эскаре гӀуллакх дан кхайкхира ламанхойн кегийрхой. Цхьаццанхьа гӀопашкахь дӀайиллира ламанхошна ишколаш. Масала, Грозный-гӀопехь. Оцу ишколехь болх бан хӀиттийра меттигера хьехархой: Досин Къеди, Тарамов а. Оццу йуккъехь Досин Къедис Тифлисехь арахийцира «ХӀара нохчийн джуз ду» цIе йолу абат (Сий хуьлда цуьнан!) ДӀатийра тӀеман гӀовгӀа…………………………………….


ТIаьхье йеша “Орга” журналехь (№4.2024)

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.